ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФОМ: Путинах тешам байна Оьрсийчуьрчу 53 процент бахархойн


Президенте Путин Владимире тешам хилар кхин а лахделла Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь тIаьххьарчу шерачохь, 53 процент ю гойтург. Иштта жамIаш довзийтина "Юкъараллина хетарг" цIе йолчу Фондо (ФОМ).

Путинах тешам барах дIахьедина 35 процент респонденташа, кхин а 12 процент ца хIоьттина жоп дала "Президенте Путине тешам бу хьан, йа банне а бац аьллачу хаттарна.

Карарчу беттан 22-24-чу дийне кхаччалц кхаа эзар бахархошна юкъахь дIабаьхьна бара и хаттам. Стохкалерачу шарахь а 55 процентал а охьа ца долура Путинах тешашчу нехан терахь.

Иштта бинчу хаттамо гайтина, Оьрсийчоьнан 60 процент бахархой реза хилар Путина президентан даржехь бечу балхана, ткъа 26 процентна цатов.

Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирах теша 23 процент аьлла, шайн терахьаш довзийтира "Левада-центро" стохка Товбеца-баттахь зераш дича.

2019-чу шеран аьхка – Путинах теша шаьш элира 40 процента талламехь дакъалаьцначу наха, ткъа 2017-чу шарахь и терахь дара 59 процент гергга.

ТIаьххьарчу беттанашкахь Путинна критика йора, цуьнан коронавирусан эмидемина йолу реакци бахьана долуш. Дуьхьал бара бахархой президентан даржехь виса кхин а шозза цунна бакъо луш Конституцина тIехь бинчу хийцамашна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG