ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши бехк тIехьарчийна, шеко йоццуш чувахийта». ГIалгIайчуьрчу журналистан дов


Белов Евгений

Оппозицехь йолчу "ФортангаORG" сайтан редактор Iийна ГIалгIайчуьра жигархо Майсигов Рашид хьалхаваьккхина, "экстремист" ву аьлла, шена дуьхьалбаьккхина хиллачу бехках. Нах сепаратизме кхайкхарна бехкевора иза. Ши бутт хьалха Пачхьалкхан Думехь тIеэцначу низамо стаг, и тайпа кхайкхамаш барна жоьпе дуьххьара озош велахь, вуьту бехтакхаман гIуллакх ца айдеш. Амма оцу бехках мукъаваьккхинехь а, набахти кхачийна цунна кхечу бахьаница – наркотикаш лелорна.

"ФортангаORG" порталан редактор ша волчу юкъанна, 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш къастош шина мехкан куьйгалхоша арахецначу сацамна резабоцчу бахархоша Магасехь хIоттийна протестан гулам бовзуьйтура Майсиговс.

Цул тIаьхьа ши бутт баьлча ФСБ-н декъо лецира журналист. Цуьнан цIийнах хьовсуш карийра ницкъхошна карийра ГIалгIайчоь Оьрсийчоьнах дIахада еза аьлла язбина кхайкхамаш. Ткъа кисанахь карийнера, бохура Iедалхоша, наркотик. Оцу бахьанашца ши бехк тIе а хьарчош, бехктакхаман дов гIаттийра цунна дуьхьал.

Майсиговна лаьцначу муьрехь гIелойина, цундела шена тIеэцна цо бехк, куьг яздина, наркотик ша эцна а яра, шен цIахь а латтайора, аьлла, чIагIдо адвоката Аушев Мохьмада.

ГIалгIайн протесташца доьзна айдинчу девнашлахь наха дийца даьхначех дара Майсиговн дов. Наркотикашца боьзна бехк тIе а хьарчош, кхо шо хан тоьхна цунна набахтехь такха. Аппеляцин арз теллинчу ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело хийцам боцуш битина и сацам.

Аушев Мохьмад, адвокат
Аушев Мохьмад, адвокат

Журналистехьа беш болчу балхах лаьцна ша Кавказ.Реалии сайтанна еллачу интервьюхь дийцира адвоката Аушев Мохьмада.

Карарчу хенахь Майсигов набахтехь ву, колоне хьажо везаш Iа

- "Экстремизмах" долу дов сацийна низам хийцаларца доьзна. Амма цхьа таIзар доцуш дов къовла ца лаьа талламна а, кхелана а. Цунна наркотикийн хьокъехь дов айдинчу хенахь иза цIахь-чохь саца кхачийра. Юха кхин а цхьа бехк а гIаттийна, лецира. Шена цо бехк тIеэцар бахьана долуш, кхин а масех баттахь шен хIусамехь сацийтира иза. Хиндолчун ойла а йина, ас хьехнера цунна и некъ.

Рашида шатайпа кеп тIеэцна (бехканна кIера хилар – редакцин билгалдаккхар) , иштта нисделча кхело ца лехьадо тоьшаллаш. Ерриг а процесс эха сахьтехь йоьрзу. Бехк тIехьо, стага иза шена тIелоцу, кхелахой сацам кечбан юьстахбовлу, цул тIаьхьа цара таIзар дIакхайкхадо.

Ас хаийтинера цунна, бехк тIеэцаро стенга кхачор ду хьал. Росфинмониторинго экстремистийн реестре язвийр ву, хан тухур ю шайтIа а ца кхучучу метте дIахьажош, буц йолуш йоцчу махка, дуккха а дара хиндолу "Iаламаташ".

Оцу хенахь дуьйцуш дара бехк байбан тарло бохуш. Иза хIун ду аьлча, хьалхара бехк тIера боккху, административан таIзаре а берзийна, шера чохь стага экстремизмах долу зулам шозза дахь бен ца озаво иза бехктакхаман девне. Амма хIинца оцу бехках Майсигов мукъаваьлла.

Майсигов Рашид, журналист
Майсигов Рашид, журналист

Цхьа бехк бу цунна тьIехь бисина – наркотикаш лелийна аьлла кхоьллина бехк, набахтехь такха кхо шо. Карарчу хенахь Майсигов набахтехь ву, колоне хьажо везаш Iа.

- Майсиговца доьзна муьлха низамаш талхийна?

- Со кIадвелла хIоразза а айса яздечу аьрзнашкахь кхело а, талламо а йина харцонаш охьаягаръян. САн арз дерриг а деша ца хIоьттира кхел. Ас бохура, со вац арз оццул деха яздина хиларна бехке, хьалхарчу инстанцино дина "совгIат" ду иза – дийцина ца валлал дукха гIалаташ дар. Ас-м ца хьехийнера массо а гIалаташ, кехатан 15 агIонца бен ца яздеш сецнера.

Кхело мах ца хадийна адвокатан тоьшаллийн – кхелан-биологин экспертизин сацаман (Майсиговн месаш теллинера эксперташа), кхелан-дактилоскопин экспертизин тоьшалла а ца эцна тидаме, ца теллина Майсиговна цIийнах хьовсуш яьккхина видео. Цара а гойту журналист бехке цахилар.

Цу тIе, сацамехь довзуьйтуш хила деза дина зулам, иза дина меттиг а, хан а, муьлхачу гIирсаца дина а хоуьйтуш. Ткъа кхелан сацаман коьрте ма-дарра тIетоьхнера талламчаша бехк тIехьош яздинчу документан юьххьера дакъа.

Дийцарехь, ницкъхоша шен ков тоьхча, шек дIа а воцуш, кисанахь героин а йолуш, царна ков делла вахана иза

Сан арз, доккхачу декъанна, талламо тоъал тоьшаллаш ца гулдина, бехке хилар ца гайтина аьлла дара. Вуно дукха сакхташ ду талламца, бехкевечуьнгахьа. Кхело бакъйинчу версица, ша лацале кхо кIира хьалха эцна Майсиговс наркотикаш, шеца лелийна уьш, ша лацарна кхоьруш, ницкъхойх лечкъаш леллашехь.

Ша лаца дисина сахьташ а доцчу хенахь, Iуьйккъехь, наркотик лелийна, аьлча а, кIомал оьзна Майсиговс, боху талламо, амма кIомал а йоцуш, шеца лелош йолу кхечу тайпанара наркотик, хьа а ца еш, йитина кисанахь. Дийцарехь, ницкъхоша шен ков тоьхча, шек дIа а воцуш, кисанахь героин а йолуш, царна ков делла вахана иза. Эццахь лаьцна вукхара.

- Иза ма тамаше хуьлу

- КхидIа кхин а тамаше ду. ФСБ-н белхахоша стаг лаца вигина шайца, стенна а делахь а, наркотикашца къийсам латточу полицин декъера белхахо. Цунна цIеххьана карайо наркотикаш. Цуьнгахь, хьалххе кечдина, шеца ду Майсиговс наркотикаш тоьхна я ца тоьхна талла хьажош яздина кехат. Ву баьхкинчаьрца, наркотикан ларш лохуш, журналисте куьйгаш а дилийтина, хи экспертизе дIакхачо хууш волу говзанча а.

Амма официалехь и белхахой боьлху Майсиговн телефонаш, компьютераш, кхайкхамаш тIехь болу кехаташ дIадахьа, ткъа де-факто – наркотикаш каро.

Иштта ю талламчийн версица гуш йолу, амма кхело тергамза йитина ледарлонаш. Цундела дийшина кхелан сацамна буха низам а дохош кечдина тоьшаллаш. Делахь а оцу хьокъехь оха дина арз тидаме а ца эцна.

- Сацамна дуьхьал шу кхидIа а къуьйсалур ду?

- ХIинца дуьсург ду Пятигорскерчу кассацин кхеле тхаьш делла арз теллина даларе хьежар. Хало хир ду Пятигорскерчу кхелахошна тIе Iаткъам бан а, низамаш талхийна хилар ца гучуха, цаьрга шайн бIаьргаш дIакъовлийта а.

Оха арз яздина тIеман-талламан комитете Iазап латторах лаьцна. Цара теллина, жоп делла, карийна бац цхьа а бух, Майсигов жоьпах хьалхавала гIерта, аьлла. Ткъа Майсиговс ша дийцира кхелехь дерриг а ма-дарра, Iазап шена латтийнарш а бийцира.

ХIинца тхо "Мемориалерчу" адвокаташца цхьаьна арз кечдеш ду Европан адамийн бакъонийн кхеле чудала.

***

Бакъоларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Майсигов Рашид, ткъа гIалгIайн оппозионерашна 2019-чу шеран гуламехь дакъалацарна Ессентукехь еш схьайохьу кхел - политикан буха тIехь еш хилар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG