ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь Навальныйгахьа митинг хIотточу дийнахь болх беш хир яц метро, дIакъовлуш ду коьрта некъаш а


Лаьцна оппозицин политик Навальный Алексей маьршаваккхар тIедожош акци дIахьочу дийнахь Москвахь къевлина латтор ду коьрта урамаш, иштта, дIакъовлуш ю метрон ворхI социйла а. Настоящее Время проекто бина цунах лаьцна хаам.

Iуьйранна 8 сахьт даьлча сацийна метро, "полицино омра даллалц" къевлина юьтур йолуш ю. Юьйцурш ю "Александровский сад", "Охотный ряд", "Театральная", "Площадь Революции", "Кузнецкий мост", "Лубянка", "Китай-город" станцеш. Чувоьду а, араволу ший а агIо болх беш хир яц.

ДIакъовла билгалдаьхначу урамийн а, метрополитенан соьцийлийн а карта шайн сайтехь зорбане даьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министарлло.
Урхалло дIакхайкхийна, карарчу беттан 31-чу дийнахь Iедалан пурба а доцуш, хIиттийначу митингашкахь дакъалаца арабевллачашна дуьхьал шаьш зуламан гIуллакхаш дохург хиларх.

Кху беттан 23-чохь Навальный Алексей дIахеца бохуш, Оьрсийчоьнан бIе сов гIаланашкахь акцеш хIиттийра 100 эзар гергга стаг араваьлла. Виъ эзар сов вара оцу дийнахь полицино лецнарш.

РогIера акци дIаяхьа лерина бу жигархой кIиранан дийнахь, Дечкен-беттан 31-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG