ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизмехула таIзар малдар хьокъехь таллар тIедожийна Путина


Оьрсийчоьнан президен Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIедожийна Лаккхарчу кхелана а, Инарлин прокуратурин а Мангал-беттан 1-ра де тIекхачале экстремизме кхайкхарехула йолчу Зуламан кодексан артикл цхьана декъана криминалан йолчу дIаяккхарх лаьцна "хаттар дийцаредар". Цуьнах лаьцна хаам бо Радио Свобода портало.

ГIура-баттахь адамийн бакъонашкахула Кхеташонан гуламехь "Сова" центран куьйгалхочо Верховский Александара хьахийнера, и артикл дуьххьара йохийначу нахана административан таIазар дан дезара, сепаратизме кхайкхарца а, цабезам кхолларца а йоьзначу артиклшкахула иза дина ма хиллара аьлла. Карарчу хенахь зулам дарна санна таIзар дон оцу артиклшкахула, нагахь уьш цхьана шерачохь йохийна меттиг нислахь.

Бакъонашларъярхоша президентан тидам тIебахийтинера, дукхачу хьолехь экстремизме кхайкхарца йьзначу артиклехула хьийзош берш социалан машанашкахь посташ хIиттийна болу нах хиларна, ткъа 2018 шо чекхдолуш цунна декриминализаци йинчул тIаьхьа алсамдаьлла цабезам кхолларна жоьпе ийзийначу нахана таIзарш дар. 2020-чу шеран хьалхарчу эха шарахь 80 стагана кхел йинера оцу артиклехула, ткъа 2019-чу линна шарахь оцу нехан терахь дара – 145.

2017-чу шарахь, экстремизме кхайкхамаш барца йоьзначу артиклах пайда оьцуш, социалан машанашкахь репосташ а, лайкаш а хIитторна зулам дина аьлла бехктакхаман жоьпе озийнарг вара 461 стаг. Оцу артиклехула хан туху колонехь яккха 6 шаре кхаччалц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG