ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оха машаран бартана кӀел куьг таӀийна". 90 шо кхаьчна Ельцин Борис вина


"Оха машаран бартана кӀел куьг таӀийна". 90 шо кхаьчна Ельцин Борис вина
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:57 0:00

Чиллан-беттан 1-чу дийнахь 90 шо кхочур дара Оьрсийчоьнан хьалхарчу президента Ельцин Бориса. Иза пачхьалкхан куьйгалхо хIоттарца баккхийн сатийсамаш бузура Нохчийчоьнан бахархоша. Хеталора демократин кеп йолчу, тоталитаран раж аьшнаш йинчу пачхьалкхо шен исторехь керла агIо схьайиллина аьлла. Амма Советан Пачхьалкх йоьхна масех шо даьлча тIамца чуеара Оьрсийчоьнан арми ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Нохчийчу. Дукхаха болчу нохчашна Ельцин висна эсехь и тIом болийна стаг санна. ХIокху масийтта видеокийсаго гойту Ельцинан ойланаш Нохчийчохь хуьлучух лаьцна хийцалуш хилла хилар а, и тIом цуьнан шен а цхьана декъана бохам хилла хилар а.

XS
SM
MD
LG