ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политика хьоьху хьехархой баржор бу школашка


2022-чу дешаран шарахь конкурсаш йолор ю Оьрсийчоьнан школашкахь юкъадоккхучу керлачу "директоран бераш кхетош-кхиоран гIовс" дарже. И белхахой хир бу берашна политика а, митингийн маьIнаа довзуьйтуш. Оцу хьокъехь яздо "Коммерсантъ" газето, Кремлерчу хьосташна тIе а тевжаш.

"Навигаторы детства" ("Бераллин навигатораш") цIе а йолуш, дIахьонйолчу оцу конкурсех лаьцна деношкахь дийцира дешаран министра Кравцов Сергейс. Цо бахарехь, юьхьанцара болх болийна хIинцале 10 регионехь, ткъа ахча къастор ду школашкахь керлачу даржанна Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь. И болх барна педагогна тIетуху ахча хир ду 15 эзар сом. Ткъа школаш ю Оьрсийчохь 40 000 сов.

"Коммерсантан" хьосто бахарехь, Кремль гIайгIане яьккхина бераш гуламашка леларо, цуьнца дозу цо берашна лерина проекташ юкъаяхар.

Керла дарж школашкахь юкъадоккхуш гIаттийначу проектах жоп луш хир бу президентан администрацица боьзна болу Оьрсийчоьнан школашкарчу дешархойн болам. Оцу боламан куьйгалхо ю 33 шо долу Плещеева Ирина – хьалха цо болх бина Кремлехьа болчу «Наши» («Вайнаш») а, Ерриг Оьрсийчоьнан халкъан фронтехь а (ОНФ).

Плещевас бахарехь, коьрта Iалашо ю школашкахь хинболчу хьехамчийн берашца "церан маттахь" къамелаш дар: "Бовза беза церан мотт, церан мемаш, хьежа деза церан стримашка, фильмашка, цара ладугIучу эшарка ладегIа деза, социалан машанаш лело беза".

"Учитель" ("Хьехархо") цIе йолчу профессионалийн цхьаьнакхетараллин куьйгалхойх волчу Луховицкий Всеволодна хетарехь, "беламе ду" школашка керла нах юкъахецар, "цхьана а лартIахь долчу беро дагара хоуьйтур дац хийрачу децица". Беламе хета керла инициатива психологна Петрановская Людмидина а. Дукха хьолехь юккъерчу хьесапехь схьаэцна дешархо хьекъале хуьлу и тайпа хIума юкъадоккхучул а, боху цо.

Школашкара а, институташкара а кегийнах алссам гуламашка лела боьлла 2017-чу шарахь дуьйна – доккхачу декъанна цуьнан бахьана дозу оппозиционер Навальный Алексей коьртехь волчу коррупцина дуьхьалоечу Фондо арахоьцучу флимашка уьш хьоьжуш хиларца.

XS
SM
MD
LG