ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бутт хьалха вадийна Соьлжа-ГIалин вахархо схьакарийна полицин декъехь


ГIуран-беттан 29-чохь бевзаш боцчу наха Соьлжа-ГIалахь шен цIера дIавигина Кабилов Ахьмад карийна бутт баьллачуд тIаьхьа полицехь. Иза бехкево герз лелорна, боху адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро.

Кабилов лаьцна 20 де даьлча, иза волу меттиг цуьнан нанна йийцина ша Ахьмадна къастийна адвокат ю аьллачу цхьана зудчо. Цо хаийтина жимстаг Шайх Мансуран кIоштарчу полицин изоляторехь хилар, "шо гергга хан тоха" тарлуш хилар.

Вадийна 20 де сов хан яьлча бен ца айдина ницкъхоша Кабиловна дуьхьал бехктакхаман дов. Мемориалхоша халахетарца хаийтина, иза волу меттиг шайна хиинчул тIаьхьа цуьнан гергарчара шайца лелла юкъарло ца леладо, аьлла. Оцу бахьаница бакъоларъярхошна хала ду Iедале шкгара яьллачу харцонах жоп деха.

  • Соьлжа-ГIаларчу Андреевская Долина олучу юьртара вигинера Кабилов Ахьмад. Пхеа вешех жимахверг, тIаьххьара дийна висинарг ву иза. Ши шо хьалха вигина, доьза вайна цуьнан цхьа ваша, Мохьмад. 2015-чу шарахь тIемалойх дIакхеттарх, вайна ву кхин ваша, Зайнди. Ткъа Мовлди вайна 17 шо хьалха, тIемалой ву аьлла виггарх. Лаьцна, ехха хан такхийтина кхечу вешига, Бухарига. Иза веха Оьрсийчоьнна юьстах.

XS
SM
MD
LG