ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхин детта са дацара сан".  Дукха буй Къилбаседа Кавказехь Навальныйн агIончаш?


Оппозиционер Навальный Алексейн агIончаша дахначу кIирандийнахь дIаяьхьи Оьрсийчохь дуккха а нах арабевлла, Iедалхошкара пурба доцуш, шолгIа акци. Цу дийнахь лецна, полисхойн дакъошка дIабигначийн терахь Iаламат лакхара дара, Дечкен-беттан 23-чуьрчу дуьххьарчу митингехь хиллачу суьртаца дуьстича.

Бакъду, Къилбаседа Кавказехь кIезиг нах арабевлира: Ставрополан а, Краснодаран а кIошташкара бахархой бен ца гIевттира цу дийнахь.
Кавказ.Реалии сайто тидира, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь Навальныйн агIончаш дуккха а болушшехь, мича бахьанашца кхайкхийначу акцешка ца бевлира нах. ХIара материал кечъеш гIо динчийн цIераш хийцина, церан кхерамзалла Iалашъеш.

БуьритIе

Дечкен-беттан 31-чохь митингаш дIахьош хиларх дукхахболчу Къилбаседа ХIирийчоьнан шахьарарчу бахархошна Навальный агIончийн чаташкахь ца хиира, оцу деношкахь акцешкахь дакъа лаца шаьш могуьйтур дац бохуш, полисхойн дIахьедаршкахь хиира.

Республикера гоьбевлла нах а юкъаозийра: цхьабосса махкарчу масех лакхарчу доьшийлашкахь дешархойн тIаьхьенаш кхиийначу профессоро Чеджемов Сергейс махкахошка кхайкхамбира, шайн цIахь совцахьара шу аьлла, Кавказах лаьцна Навальныйн националистийн аларш карла а дохуш.

БуьритIерачу майданахь байначу беттан 31-чохь цхьацца куьйгаш Iуьттуш, меттигаш тоеш ду шаьш аьлла, белхаш болийра. Дечкен-беттан 23-чу дийнахь а "бира" ишта-м изза белхаш, цу дийннехь берза а бира. Ткъа Чиллан-беттан 1-чу дийнахь гIалин майда маьрша яра.

Пенсехь ю Ирина. Баттахь 10 эзар сом кхочу цунна, иза а халла тоьа коммуналан хьаштех дIадала а, таханалерачу Оьрсийчохь хуьлучух информаци хаархьама пайдаоьцучу интернетах охьадилла а.
Шо гергга хан ю цунна Навальный интересе хета, стохка аьхка цунна дIавш деллачул тIаьхьа кхин а лерина цуьнан кхолламна тIехь шен терго латтайо цо.

"Со цкъа а политикехь дакъалаьцна яц, -дуьйцу Иринас. - Митингашца цхьаъ хуьйцур ду аьлла ца хета суна. Амма хIетте а, Навальныйн гIо лаца лаьа суна. Вайн хIинца волчу паччахьах тера вац иза, Навальный кхин ву. Къона ву, хаза ву, къамел дика до. Нагахь санна, иза президент волий, вайн дахар дIанислур ду. Иза ша а му ву халкъах схьаваьлла, иза кхета вайгарчу хьолах а".

Ша лацарна къаьсттина кхоьрура Ирина, митинге яхнийла шен берашна тIаккха хуур долу дела. Жимма йолаяла йоьду ша а аьлла, араелира иза, амма цунна ца гира митинге бевлла нах. Ша цхьаъ лаьттачу кху зудчун терго ца йинера полисхоша а.

"Навальныйна Кавказ ца еза бохург - хабар ду, ас даим а ладугIу цуьнан талламашка, цхьана меттахь ца боху цо Кавказах вониг. Цкъа мацах цхьа ши дош аьлла цо, хIетахь дуьйна, боьха, йитта охьайиллина бедар санна, юх-юха кегош Iаш бу. Йийца яьккхина и хеча санна",- боху Иринас (Навальныйна дIовш делла аьлла, шеко йолчу цхьаммо аьллера "Новичок" цуьнан хечех тоьхнера ша).

ХIинжа-ГIала

19 шо долу судент ю Яна. Дагестанан шахьарахь байначу беттан 23-чохь акци елира иза шеца доьшучу студенташца. Къилбаседа Кавказерчу кхечу гIаланашца дуьстича, кхузахь церан хьехархоша доьшийлехь факультативаш а, классан сахьташ а, совнах лекцеш а ца хIиттийра митинг хIоттийначу дийнахь.

"Тхо майдана схьакхаьчча, ялх-ворхI стаг автозак чу ийзош вара цхьа кIант, цо мохь беттара. Со гIанта тIе охьахиира, тхоьга кехаташ хаьттира. "Неформалийн деза де" ду кхузахь, мегар дац кхузахь хиъна Iен элира тхоьга. Юха тхо чийхон буьйлира, тIаккха дехьадовла дагахь хиллачу тхан карахь хьарчийна плакат гира царна, иштта автозаке дIадигира тхо а",- дагалоьцу Янас. "Оьрсийчоь маьрша хир ю" дара цу тIехь яздина. Иза схьадаста а ца ларийнера зудабераш.

"Юха соьга хоьтту-кх, Оьрсийчоь маьрша яц аьлла хета хьуна? Тхан ректорна тIе а вахана, со доьшучуьра дIайоккхуьйтур ю ша баьхначу стага хоьттура соьга, Оьрсийчоь маьрша яц?", - дуьйцу йоIа.

Студенташца автозакехь нисбеллера гIанташ тIехь хевшина Iийнарш а, уллох бевлла дIабоьлхурш а цхьана. Эххар а ца хIиттира мехкаршна протоколаш. Масех сахьтехь полицин декъехь а латтийна, дIабахийтира уьш. Бакъду, цул тIаьхьа доллу кIиранчохь кхара доьшучу меттиге а, кхеран цIа а листира полисхой, "профилактика" ярхьама.

Экстремизмна дуьхьало латточу Центре а тIекхайкхира хIорш, цигахь Янера телефон схьаяьккхира, кIант лоцуш кхо яьккхина видео дIаяйира цара. Янас дуьйцу, майдане яьллачу шен ала дара: "Сан да заьIапхо ву. Иза балхахь ву, хIунда аьлча, цуьнан пенси тхуна ца тоьа. Кхин дIа са детта ницкъ бацара сан".

Бух боцуш ю боху Янас, Навальныйна Оьрсийчоь ца еза бохуш, интернетехь яржон информаци.

"Соьга а, соьца доьшучу йоIе а бехира, цунна бусулбанаш ца беза, амма цуьнан багах даьлларг наха хьовзийна дуьйцу. Цунна ца лаьа хьаькамаш бузон, могIарера нах бац цо буьйцурш, - боху Янас. - Ткъа бусулбачех дерг аьлча, нуьцкъаша зудаберашна йовлакхаш тIеэгон мегар дац боху цо. Цундела исламофоб ву аьлла цунна. Дин - декхар хила йиш ма яц, цунах кхеттачул тIаьхьа бен цунна тIевоьрзийла дуй?".

ХIинжа-ГIалахь митинге даьлла адам кIезиг хиларан бахьана, "дукхахболчарна бен-башха цахетар ду" аьлла, хета Янина. Делахь а, тешна ю иза, митингашца дуккха а хIума хийца йиш ю аьлла.

"Тхан доьшийлан куьйгалхочо боху соьга, нагахь санна, хьо кхин цкъа а митинге йодахь, ша цхьаъ ца дича вер вац, - са доккху Янас. - Амма суна лаа-м лаьара, митинге юха а яха. Митинге ца йодахь а, цхьааллин пикете яла дагахь ю со. Иза а кхераме-м ду, делахь а".

Соьлж-ГIала

Iедалхошна дуьхьал акци а ца хIоттош дIадахара Нохчийчохь мукъаденош. Де хьалха пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама шен телеграм-каналехь кхайкхамбира, муьлхха а протестан боламна гена довла, цунна хетарехь, пачхьалкхера хьал талхон Iалашонца вовшахбетталуш бу и нах аьлла.

Малхбузерчу йилбазан фондашкарчу ахчанех "бохкабеллачу пропагандисташка" шаьш Iеха ма дайта аьлла, хьехар дира цо Нохчийчуьрчу бахархошна.

Навальныйс Кавказах лаьцна дийцинчунна тIехула ца бевлла нохчий митинге аьлла, ца хета бакъоларъярхочунна Хьавана. Цуьнан хьажамца, кхузахь кхин бахьанаш ду: "Оьрсийчоьнан пачхьалкхо Къилбаседа Кавказехь, кеп-кепарчу "бахьанашца" 30 шарахь, Нохчийчохь хилла тIемаш а лерича, шога репрессеш лелийна, муьлхха а протест шен орамца хIаллакъеш. Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан цхьана декъана хетара, нийса лелош ду, бух болуш ду, царна йогIуш хетара пачхьалкхан репрессин машено лелош йолу гIело".

Цхьалха декачу бакъоларъярхойн аьзнаша хIуммаъ хийцина дац хIинццалц схьа а, хIоьттинчу хьолехь кхин дIа а хуьйцур дац аьлла, тIетуьйхира цо.

Ледара Iийначу Нохчийчуьрчу бахархошна бехкаш дохкучу шен белхан накъостаца дукха хан йоццуш къамел хилира шен боху Хьавас.
"Нохчийчуьрчу урамашка а, майданашка а мел адам делира хоьтту цо соьга. Ас боху - тIемаш боьлхучу заманчохь вийна 300 эзар стаг, шайлахь 40 эзар бер а, 15 эзар гергга лечкъийна бигина, тIемпаза байнарш а болуш. Оцу сан жоьпах тоам бира цо. Кхин совнах хеттарш ца дира", - дерзийра шен къамел Хьавас.

Сочи

Дуккха а нах арабевлира Сочехь, дуккха а леца а лийцира. Шина а митингехь дакъалаца хьагна яра Виктория, амма байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь лецира иза.

"Хьалхарчу митингехь, Дечкен-беттан 23-чохь ницкъаллийн структураш кийча яцара, уьш дуьххьара тIеIиттабеллера оццул адам ара а долуш, хIоттийначу акцина, - аьлла хета Викторияна. - Адамаш а цхьа паргIат лелара, провокацеш ян а ца гIертара, наггахь бен маьхьарий ца деттара. Амма, полисхой цхьаъ лаца хьоьвзича, уьш шайна юкъаозабора "полици халкъаца ю" олий, мохь а бетташ".

ШолгIа митинг кхайкхийначу заманчохь чаташкахула барт бинера. Коьртачу майданахь гулбелла, гIалин администрацин гIишлона герга баха дагахь хиллера уьш.

"Сайн доттагIчуьнца еара со митинге, цхьана гIанта уллохь лаьттара тхойша, телефонехь цхьаъ язъеш со а ю, оцу заманчохь полисхой тIебаьхкира тхуна, тхоьга кехаташ а хоттуш. Суна тамашен хийтира церан лелар: гулделлачу адамашна юкъахь а ма яцара со. Йа акци хир ю аьлла, тешаш а яцара со. Лаца кхайкхийначу шиннах тера ду шуьшиъ, шайца полицин декъе дIадан деза шуьшиъ боху цара. Ткъа кехата тIехь буьйцучаьрца догIуш дац тхойша, я дегIан локхаллица а. Цигахь вуьйцург ши кIант-кхиазхо ву. Со кIант ву, хоьтту аса цаьрга", - оьгIазе дуьйцу Викторияс.

Эххар а автобус лаьттачв дIадигира и шиъ, цу чохь кхин а 15 стаг вара.
"Автобус чохь 26 стаг вовшахкхетча, цхьа иттех минот яьлча, майданара дIадаигира тхо,- дуьйцу Викторияс. - Полицин декъе дIакхачийначу тхоьга анкеташ елира, цу тIехь хоьттучунна жоьпаш язде аьлла,
Ткъа цу тIехь, фамили а, цIе а, вина шо доцург а, хоьтту "юй машен", "чу-ара ца баккхалун бахам буй". Банкера ахь кредит оьцучу хенахь хьоьга хоьтту хIуманаш дар-кх. Оццул тхайх лаьцна информаци оха лур яц, тхо цхьана хIуманан шеко йолуш лаьцна а дац аьлла, дуьхьало йира ас. Цу тIе, суна хаьара, жигархойн цIа уьш лелий а, цундела сайн ненан адрес хаийта ца лиира суна. Мохь хьоькхура суна тIе, полицин белхахоша низамашкахь хьайна тIедиллинарг кхочуш ца до ахь, бохуш".

Викторияс дийцарехь, цуьнан телефонан IMEI а йоьхура цуьнга, хIара йийца дуьхьалъяьлча, шайна хуур а ду, шаьш схьа а йоккхур ю телефон баьхнера.

"Иза полицин харцо, гIелояр дара ца алахь, кхечу дешнашца муха эр ду? - хеттаршка юьйлу Виктория. - Тахана балха яха гIора ца хилла-кх соьгахь! Суна хала ду теша, ас лучу налогех алапа оьцучу наха, кхечу адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Зударша шайн хIусамдайша етта шайна бохуш, латкъамаш бечу заманчохь а хьийзаш белара уьш иштта жигара. Со юха а гIур ю митинге, хIунда аьлча, хIара тайпа харцо магийта мегар дац".

Ялх сахьтехь лаьцна а дитина, маьршадаьккхира хIара шиъ: Виктория а, цуьнан доттагI а. ХIетахь кхин а нах бара боху цо полицехь бухабуьсуш. Протокол цунна ца хIоттийра, амма, цо бахарехь, цхьана ханна дIатеттина цара, Москвахь иштаниг нисло, юха тIебоьрзуш.

Навальныйх дерг аьлча, Викторияс мукIарло до, цо дуьйцучу массо а хIумана ша реза яц аьлла.

"Капитализм кхион еза боху цо - со цунна реза яц, - дагардо цо. - Аьтту агIор болчийн хьежамашца ву иза, ткъа со аьрру агIор ю. Башха позитиве яц сан Навальныйгахьа йолу ойла, амма со харцонна дуьхьал ю".

Юккъерчу Оьрсийчохьчул а кIезиг нах Кавказехь протесташка бийларна масех бахьана ду аьлла, хета цунна.

"Кхузахь нах консервативе бу. Уьш меттах ца бовлу, ахь церан багара бепиган юьхьиг схьаяккхалц, - кхетадо Викторияс. - ХIаъ, алапаш а, пенсеш а лахара ду. Юучунна мехаш а лахара ду. Жимма а кхечу меттигашкахьчул а шайн дахар гIоле хета царна. Шен бешахь дIайийнарг кхион а йиш ю. ШолгIа бахьана а ду: Iедалх чIогIа теша нах. Яккхийчу регионашкарчу хьолаца дуьстича, кхузахь башха дукха яц синбахамаллин объекташ. Дукхахйолу гIаланаш- баккхийчарна а, берашна а аьлла ю, кегийрхошна эвсара яц. 3-гIа аьлча, жимачу гIаланашкахь нах вовшийн бевзаш хуьлу. Цундела, чIогIа кхиина ю кхузахь цхьа инзаре репутаци: бахархошна юкъахь къаста ца хьийзар, шен лулахочун санначу цIа чохь вахар, шен белхан накъостан санна машен лелор. Iедалехьа бу моьтту дукхахберш, цундела шайн резадацарх хIусамехь, шайн кухни чохь дуьйцу цара. Сан да-нана чIогIа дуьхьал ду Iедална, амма шайн дагара бевза-безачаьрга хаийта ца баьхьа".

Москва

Шайн даймахкахь протесте бовла ца баьхьна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша жигара дакъалецира, шаьш доьшучу а, болх бечу а гIаланашкахь хIиттийначу митингашкахь. Къаьсттина гоьвелира омонхошна дуьхьал тийсавелла Нохчийчуьра схьаваьлла Джумаев Сайд-Мухьаммад. Бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал, 20 шо долчу Москварчу пачхьалкхан университетан студентна набахтехь яккха итт шаре гергга хан тоха кхерам бу.

"Навальный цхьаъ бен воцу ницкъе лидер ву, цуьнгахьа хила а догIу", - дуьйцу БуьритIерачу вахархочо Дениса. Итт шо а ду иза Москвахь веха.
Цо бахарехь, "кхунах мейнстрим а хилале вара иза цуьнан агIонча".

"Къилбаседа ХIирийчохь а, суна хетарехь, дукхахберш кхоьруш ца бовлу протесте, иштта уьш дика кхета, цунах доьзна хIума доцийла".

Денисана хетарехь, Москварчу адамийн кхетам кхин бу, "дуккха а адам арадалахь, хIуъа хийцаделла а, цхьаъ хийцалур ду аьлла, хета царна", боху цо.

Хьалхарчу а, шолгIачу а акцехь полицин кара ца воьдуш, велира иза.
"Цхьа аьтто хилла-кх сан, - забарен дуьйцу Дениса. - Юха а, юха а, эшахь гIура ву со митинге. Амма ца лаьара суна суо лаца, хIунда аьлча, сан нана холчу хIуттур ю, цунна ца хаьа со митингашка лелаш вуйла. Бакъдерг дийцича, Навальныйгахьа ю иза а, суна хетарехь, цунна кхаж тосур бара цо, нагахь санна, иза презеидентан харжамашкахь дакъалоцуш хилча. Амма протесташка хьежа ца ло иза. Бакъдерг дийцича, полисхошлахь дуккха а бу бакъахьа нах, царна лаьара протестхойх дIакхета, амма уьш кхоьру, шаьш балхара бохорна, тIаккха доьзал кхаба таро хир яц церан".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG