ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан кхаа махкахь массанхьачул а чехка ду белхазаллин болар


ГIебарта-Балкхаройчоь, Ставропол-мохк, Кхарачой-Чергазийчоь ю Оьрсийчохь белхазаллин болар уггаре чехка долу регионаш. Къинхьегаман министралло 2020-чу шеран Охан-баттера 2021-чу шеран Дечкен-батте кхаччалц долу хьал довзуьйтуш далийначу терахьаша гойту иза.

Низамийн проекташ зорбане йохучу портало тIетоьхначу документо бахарехь, тIаьххьарчу 10 бетта чохь пачхьалкхехь официалан белхазалла доьазза гергга лакхаяьлла – 2 миллион гергга стаг ву Iедалан хьукматашкахула белхаш лоьхучу бахархошлахь.

2020-чу шеран Охан-бутт талламан юьххье биллар дозу коронавирусан пандемин дехкарш оцу баттахь юкъадовларца.

Официалехь болх лоьхучийн могIаршка язбеллачу нехан терахь 10-зза лакхадаьлла ГIебарта-Балкхаройчохь, 8-зза – Ставропол-махкахь, 7-зза – Кхарачой-Чергазийчохь.

Белхазалла зуьйчу "HeadHunter Юг" компанин пресс-векала Манохина Аленас довзийтира Кавказ.Реалиина терахьаш:

"Аттачех дац Оьрсийчоьнан белхан урхаллашкара хьал, Къилбаседа Кавказ а ю оцу декъахь. Белхаш лоьху нах оццул дукха бацара 2008-2014 шерийн кризис йолуш а. Белхан меттигашкахь конкуренци массанхьачул а йоккха яра Къилбаседа Кавказехь стохка аьхка – цхьа меттиг къовсуш вара 8 стаг".

Тахана белхазалла кIеззиг лахъелла Къилбаседа Кавказехь, 6 стаг ву цхьа белхан меттиг къовсуш, боху HeadHunter Юг компанино.

  • Къилбаседа Кавказера массо а мехкаш бу бахархошна дерриг а дийнахь бан болх цахиларца хьалхаевллачу Оьрсийчуьрчу I0 регионийн декъахь, бохура 2020-чу шеран гурахь аудитан-консалтинган дуьненаюкъарчу FinExpertiza машано.
XS
SM
MD
LG