ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалхарчу каналан директорна Эрнст Константинна орден елла


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Даймахканна динчу гIуллакхашна" 1-чу даржан орден елла Хьалхарчу каналан инарла директорна Эрнст Константинна. Омра зорбане даьккхина Кремлан сайто.

Чиллан-беттан 6-чу дийнахь 60 шо кхаьчна Эрнстан. Омрано бахарехь, цунна совгIат делла "хаамийн гIирсаш кхиорна юкъа доккха дакъа дилларна".

Эрнст инарла продюссер хIоттийра Хьалхарчу каналан 1995-чу шарахь, ОРТ олура цунах хIетахь, ткъа инарла директор хилира цунах 1999-чу шеран гурахь, Путин Владимир преьмер-министр хIоттийна дукха хан ялале.

Коьрта акционер Березовский Борис волчу канало информацин тIекарло йира Путинна а, "Цхьаалла" партина а харжамашна идеологин бух билла 1999-чу а, 2000-чу а шерашкахь. Цул тIаьхьа Березовский декхаревира шегара канал дIайохка. Тахана телеканалан коьрта акцеш ю пачхьалкхан дакъа ларалучу Росимущество урхаллин а, КовальчукгIеран доьзалан долахь йолчу Халкъан Медиа Тобан а карахь.

Эрнстан цIарца юзу Хьалхарчу канало кинохь а, телегойтийлехь а толамца чекхъяьхна проекташ.

Сочехь Олимпан ловзарш схьаделла кечйинчу церемонин концепцин автор лору Эрнстр Константин, цуьнан кхиамаш лору цхьацца пачхьалкхан барамаш телевизионехь гайтар а.

  • Алексея Навальныйца цхьаьна Коррупцина духьалоечу фондан коьртехь волчу Ашурков Владимира дIадахначу кIиранах кхайкхам бира Американ Штатийн президенте Байден Джога Путин Владимиран гонерчу 35 стаганна дуьхьал санкцеш яхар доьхуш. Оцу нехан могIара язвина Фондо Эрнст Константин а.
XS
SM
MD
LG