ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ша уьш сийсазбийр бу, элира". Адвокат ца оьшу шайна алийтина бовдийначаьрга


Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса адвокат ца оьшу шайна алийтина, Чиллан-беттан 4-чохь вадийна, полисхоша Нижний Новгородера Нохчийчу д1авигинчу Магомадов Салахье а, Исаев Исмаь1але а.

"Ша уьш сийсазбийр бу, элира цо, массо а махкарчу а, федералан а телеканалашкахула" – довзуьйту "Дождь" телеканало "Российская ЛГБТ-сеть" юкъараллин пресс-векалан Бесцвет Тиман къамел – оцу юкъаралло адвокат лаьцнера бовдийначарна, амма иза тIе ца кхочийтина царна. Бесцвета ца йовзийтина духьало йинчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран г1овсан ц1е.

Магомадов а, Исаев а Нохчийчу дуьххьара д1акхачийна меттиг евзина селхана. Нижний Новгородера Гуьмсе бигина уьш, цигахь лебина т1еман тобанца церан х1ун з1е ю зуьйш.

"Масех хаттар дина цаьрга: «Шуна хаьий тIемалойн тобанех х1умма а? Шема мичахь ю гойтур дарий аш карти тIехь?» Бакъду, уьш тIемалой бу ца аьлла цаьрга цхьаммо а", — дийцина адвоката Немов Александра Нижний Новгородерчу NN.RU газете.

Хеттарш динчул т1аьхьа кегийнах д1ахоьцур ду аьлла хилла. Амма Гуьмсерчу полицин цIа чуьра арабовлуш лецна кхечу декъерчу полисхоша. Ши к1ант юха а лаьцна, дIавигина Аьрга-Хишка (Серноводск).

Ткъа Аьрга-Хишкарчу полицин декъа чу ца витина адвокат. Полихоша аьлла цуьнга, адвокатан гIо оьшуш бац кегийнах. Изза аьлла лецначу шиннах цхьаьннан дас а.

Немовс бахарехь, Магомадов а, Исаев а цхьана бехктакхаман гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан бохку полисхой – ткъа ца хаийтина цунна, х1ун дов ду дуьйцург.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG