ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британи дуьхьал ю Закаев Оьрсийчоьне дIавала


Политик Закаев Ахьмад
Политик Закаев Ахьмад

Нохчийн Iедалхоша оппозицин политикна экстрадици яр доьхуш дахьийтинчу кехатна дуьхьло йина Британино аьлла, хаамбина пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама.

"Тхайчунна тIера довла дагахь дац тхо, цунна низамашкахь шога таIзар дан догIу аьлла хеташ ду тхо, цундела Европерчу организацешка кхайкхамбо оха, зуламхо схьалуш гIо де аьлла. ТIемалошна тIехIуьттуш къамелаш дарна а, террорхоша Оьрсийчохь лелориг къобалдарна а жоьпалла тIедожон деза цунна",- аьллачу Делимхановн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

Карладоккху, политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадыровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дина пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.

Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.

"Карарчу хенахь Британехь вехаш ву террорхо Закаев Ахьмад, цигахь политикан тховкIело елла цунна, цигара схьа дуьхьало а йоцуш, дуьненаюкъара терроризм къобалъеш, схьавогIуш ву иза. Цуьнца доьзна дехар до хьоьга, лараме Сергей Викторович, Британина протестан нота кхайкхор, дуьненаюкъарчу бакъонца а, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, террорхочунна Закаев Ахьмадна экстрадици яйта барамаш лелабахьара ахь", - аьллачу депутатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

  • Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев.
  • Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG