ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву нохчийн мухIажар


Страсбургехь веха Садуев Илес Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву аьлла, хаамбина Маршо Радиога Францехь бехачу цуьнан накъосташа. Карара кехаташ схьадаьхна, депортацин набахтехь латтош ву иза карарчу хенахь.

Оьрсийчоьно экстремизмна иза бехкевеш, динчу дIахьедарна тIехула Страсбурган кхело листира цуьнан гIуллакх, амма бехкаш бух боцуш а карийна, маьршавитинера. Байначу баттахь юха а тIекхайкхина Садуев лецира, цул тIаьхьа депортацин куьпа дIа а вуьгуш. Гергарчу деношкахь иза Оьрсийоьне дIахьажон куц ду, ткъа Францехь бухабуьсуш цуьнан доьзал бу: хIусамнана а, пхи бер а, дуьйцу Садуевн доттагIаша.

Цара чIагIдарехь, Нохчийчохь цунна кхерам лаьтта, хIунда аьлча, иза лехамашкахь ву.

Ша Садуев Илес Нохчийчуьрчу Грозненск кIоштарчу Долинскера ву. 2016-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Франци веанера иза тховкIело лоьхуш.

Иштта, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дира пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.

Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.

XS
SM
MD
LG