Шамилан кIоштарчу полицин декъан хиллачу хьаькамна Алиев ИбрахIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло прокуроро дуьхьалоярна латкъамбинчу ГасангусейновгIеран шина вешин дена Гасангусейнов Муртазалина тIетайна Дагестанан Лакхара кхел. 2016-чу шарахь ГасангусейновгIеран ши кIант Наби а, Гасангусейн а вийначул тIаьхьа, уьш гIаттамхойн могIаре бехира цо.
"Оха чуделла арз къобалдина, хIинца материал хьалхарчу инстанцин кхеле дIахьажор ю цигахь юха луьстур долуш ду Алиевна дуьхьал гIуллакх даккха дуьхьал хилар бакъонца ду йа дац", - аьлла, хаамбина "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара. Кхелехь ГасангусейновгIеран интересаш Iалашъеш ву иза.
Ницкъаллийн структурийн белхахой байъа дагахь, царна герзаш детта волавелира Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а бохуш, чIагIдора Алиевс. Шайн берашна реабилитаци яйта гIерташ, цхьана шарахь а, эхашарахь а лол биттира церан дас а, нанас а.
Харцо лелорна а, шайн гIуллакх тесна дитарна а Алиевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедожийнера Гасангусейнов Муртазалис. Масийттазза талламчийн органашка вуьйлура иза, Алиев жоьпе озор доьхуш, амма цхьацца бахьанаш а хьийзош, жоп ца лора цунна.
Дечкен-бутт бовш Дагестанан урхалхочун декхарш кхочушден Меликов Сергей цхьанакхийтира ГасангусейновгIеран деца-ненаца. Шега далург дийр ду, церан ши кIант вийначун таIзар дархьама аьлла, дош деллера цо.
2016-чу шарахь Шемалан кIоштарчу Гоор-ХIиндах эвлахь йоьдучу леринчу операцехь байъира вежарий-жаIуй 17 шо долу Наби а, 19 шо долу Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, дIакхайкхийра ницкъаллийн структураша, амма бахархой ца тийшира оцу информацех.
Эххар а прокуратурано бакъдира, байинарш гIаттамхой бацара аьлла, амма хIетте а ши шо даьлча а билгалбахаза бу зуламна бехкенаш.