Байначу беттан 23-чохь Москвахь хиллачу акцехь омонхошна дуьхьал тийсавелла аьлла, лаьцна Джумаев Сайд-Мухьаммад кхечу изоляторе дехьаваьккхина коронавирусан ун даьлла хиларан шеконашца. "Новости" агенталле бина и хаам Москварчу тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Эберт Богдана шинарин дийнахь.
"СИЗО-н номер I йолчу медикан-санитаран декъехь охьавиллина иза, COVID-I9 вирус йолчух тера хетта", - аьлла Эберта.
- Москварчу пачхьалкхан университетан студент Джумаев полисхошна дуьхьаллеташ гойту видео яьржина интернетехула. Полицино лаца кхайкхийра иза, пхи де даьлча карийра Псков гIалина гергахь. Бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал. Лаьцна иза шина баттанна, бехк тIеэцна шена студента.
- Оцу юкъанна дукха бу социалан машанашкахь Джумаевгахьа кхайкхамаш бен нах. Иза мукъаваккхар Iедална тIедожош, пикете яьлла жигархо Псунтсок Дина лецира деношкахь Дечкен-беттан 29-чохь.