ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара цIабаьхкинчу кегийрхойн могушалла дика яц


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мисарарчу набахтехь висинчу Дзейтов Iелигара кехат кхаьчна, шена ницкъахоша Iаткъам бо аьлла. Цигара гIалгIайн кхо студент цIа воуьйтуш, цаьрца цхьана маьрша ца ваьккхина иза. Даймахка бирзина кегийрхой дарбан цIийнехь бу, цаьргарчу хьолан саготта бу церан гергарнаш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

ПхоьалгIачу жимчу стагах Дугиев Хизирх хилларг хууш дац хIинца а, билгалдаьккхина бакъоларъярхочо Муцольгов Мохьмада.

Дзейтов Iелас Мисарарчу набахтера даийтина кехат зорбане даьккхина Муцольговс: "Тхо лецна 2,5 шой даьллачу хенахь, буса 12 сахьт даьллачу заманчохь самадехира тхо, цхьадолу кехаташ схьакхаьчна, тхо маьршадохуш ду аьлла. Дуьйцуш доцучу бахьанаца, со чохь сацийна, оцу тептарехь вацара со. "Со стенна дIа ца хоьцу?" аьлла, ас динчу хаттарна дала жоп дац шайн элира цара", - яздина Дзейтовс.

Шега цхьана кехаташна куьйгаш язде элира, дуьйцу Дзейтовс, амма ша дуьхьал хилира, шеконаш хилла. Цо бахарехь, адвокат а цецваьллера, вукху берашца ша маьрша ца ваьккхина.

"ТIаьхьо цо дийцира суна, шена хаарехь, тхо лецначу заманчохь ницкъахошлахь информаци яьржинера, Оьрсийчуьра шпионийн тоба лаьцна аьлла. Ткъа хIинца, цхьана а кепара тоьшаллаш дацахь а, хьанна йина а кхел ца йича ца бовлу уьш, гIуллакх гал ца даккха. Апелляци чуяла, латкъамбан бакъо йоцучу кхеле дIахьажийна сан гIуллакх (Мисарахь дуккха а ю кхелаш)", - аьлла, билгалдаьккхина шен кехата тIехь Дзейтовс.

Цхьахволчу студентан Чемурзиев Исмаилан нанас дийцина агенталле, цIабаьхкинчу кегийрхойн могушалла дика яц аьлла.
"Кхоъ дарбан хIусамехь ву, Исмаилехь гуттар вон хьал ду - цуьнан коьртан хьех киста ю. Лоьрех из чекхвохуш, лела со", - дийцина кIентан нанас. Аушев Илезан мерах даим а оьхуш цIий ду, етташ йовхарш, боху цо.

2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуйна лецна бара ГIалгIайчуьра КъахIирехь доьшуш хилла студенташ: Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизар а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамазан а.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтинера гIалгIайн пхи студент Мисарахь дIалацаран бахьана. Царна хетарехь, оцу пачхьалкхехь еххачу ханна хила бакъо а йоцуш, доьшуш хилла цара.

Виъ жимстаг КъахIирерчу набахтехь латтош хилар къаьстира, ткъа царех цхьахволчун кхолламах хууш дац хIинца а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG