ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочунна 100 эзар евро кхачийна Европан кхело иза веллачул тIаьхьа


Тунтуев Аюб
Тунтуев Аюб

2019-чу шарахь Владимирскан кIоштарчу колонехь велла карийначу, Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочунна Тунтуев Аюбана 100 эзар евро компенсаци кхачийна Европерчу адамийн бакъонехула кхело. "Медиазонас" бо и хаам, "Правовая инициатива" вовшахтохараллана тIетевжина. Цаьрга латкъамаш бора Тунтуевс шена тIехь Iазапаш латторах а, Нохчийчохь ша лаьцча а.

2005-чу шарахь, ЧIулган-Юртахь машен эккхийтарх лаьцна Тунтуевга Теркйистерчу милцойн декъехь хеттарш дарх материалаш листира Страсбургерчу кхело, дуьйцу бакъоларъярхоша. Милцоша йиттинера цунна, ток йоьттуьйтуш, куьйгех гIоьмаш тоьхна, коьртах пластикан тIоьрмиг боьллина, тховх хьалаоьллина а латтийнера иза. Шена тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа бехк тIелецира Тунтуевс.

Лаьцначул тIаьхьа, бакъоларъярхоша дийцарехь, шина баттахь электрошокер йиттинера цунна, шаьш хьийзор ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

2008-чу шарахь колонехь даккха 24 шо хан кхайкхийра Тунтуевна, ЧIулга-Юьртахь динчу терактан бехкевина. 2017-чу шарахь кхин а 11 баттана яхъйира цуьнан хан, 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна Нохчийчохь тIелетта ву аьлла. И бех Тунтуевс тIе ца лецира.

Лурчах Зазадокху-баттахь колонехь велла карийра Тунтуев. Цуьнан гергарчара дийцира, дегIа тIехь йиттина таммагIаш дара бохуш, амма Талламан комитетан эксперташа иза харцдира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG