ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн а, Хаттабан а тобанашлахь хилла ву аьлла, кхин а шиъ лаьцна


Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашлахь 1999-чу шарахь Дагестанехь тIелеттачарлахь хилла ву аьлла, ши стаг лаьцна хиларх хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето а, къайлахчу сервисаша а, яздо "Новости" агенталло. Кхачам боллуш, дIатетта йиш йоцу тоьшаллаш ду шайн, Ставрополерчу Терекбаев Ахьмада а, Авезов Арифуллас а дуьйцучу зуламашкахь дакъалаьцна хиларх, тIечIагIдо цара. Таролла лелорна а, герзашца тIелатарна а, ницкъахошна кIелоярна а бехкаш дехкина царна.

1999 – 2019-чу шерашкахь 3-15 шераш хенаш йиттина набахтешкахь такха Дагестанерчу БотIлихан а, ЦIумадан а кIошташкахь тIемаш бинчу нахах 85-нна, федералан а, дуьненаюкъарчу а лехамашкахь ву 28 стаг.

1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана.

6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG