ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра "Э" центран хьаьким вер толлуш лехамашка велла кхо стаг


Москвахь Эльджаркиевна тапча йиттина меттиг
Москвахь Эльджаркиевна тапча йиттина меттиг

2019-чу шарахь экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вер толлучу юкъанна, дуьненаюкъарчу лехамашка велла Оьрсийчоьнан Талламан комитето ГIалгIайчуьра кхо вахархо.

Низам лардаран органашкарчу хьастано ТАСС агенталле хаам барехь, лаца кхайкхийначу нахана бехкаш дехкина. Лехамашка веллачу цхьаннан цIе яьккхина агенталло. Иза ву Дудурханов Аслан.Оьрсийчу цунна экстрадици йинчул тIаьхьа, иза шина баттана лаца сацам бина Москварчу кхело.

Эльджаркиев, кIело а йина, вийна аьлла, шеконашца лаьцна ву 11 стаг, карладоккху ТАСС агенталло. 2019-чу шарахь шозза вен Iалашонца кIело йинера Эльджаркиевна. ГIуран-баттахь цуьнан машенна герзаш диттира, иза Нохчийчуьра ГIалгIайчу цIавогIуш. ХIетахь ца лазош виснера иза. Лахьан- баттахь шен вешица цхьаьна Эльджаркиев Москвахь волчу заманчохь тапча йиттира цунна а, цуьнан вешина Ахьмадна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG