ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каталонехь хиллачу харжамашкахь толам баьккхина сепаратисташа


Каталонин регионан парламентан харжамашкахь толам баьккхина и регион Испанех дIакъастарехьа болчу агIончаша. 98 процент кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа "Каталонин аьррохьара республиканхой" партина елла 33 мандат. Регионан лидер хиллачу, 2017-чу шарахь йозуш йоцу пачхьалкх хилаирехула референдум дIаяьхьначул тIаьхьа Испанин Iедалх ведда волчу Пучдемон Карлеса куьйгалла дечу "Цхьаьна Каталонехьара" партин каракхаьчна 32 мандат.

135 депутатах лаьттачу "Халкъан цхьааллехьа кандидаташ" партина кхаьчна 9 мандат. Пачхьалкхан цхьааллина тIехIоьттинчу Каталонин Социалистийн партин хир ю регионан парламентехь 33 меттиг.

2017-чу шарахь Пучдемон коьртехь волчу сепаратисташа Iедал кхоьллинчул тIаьхьа Каталони Испанех дIакъастар хьокъехь референдум дIаяьхьира регионехь. 90 процент декъашхоша каж тесира регион Испенех йозуш йоцуш хиларехьа. Мадрида тIецалецира референдуман жамIаш, Пучдемон лехаме а луш. Испанин Iедалша 9 стаг чувоьллира, набахтехь яккха ехха хенаш а тоьхна, и бахьана долуш дуккха а адамаша дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хилира Каталонехь.

  • Испанин Лаккхара кхел таллам беш ю Москвано сепаратисташна гIотор еш хилла бохучу хаамна. El Pais газето бинчу хаамца, Европерчу лерринчу сервисашкахь информаци ю, регион йозаш йоцуш хийлийтарехьа болчу нахана Москвано къайлаха гIо деш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG