ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дов айдина Пайхамарна карикатураш яхкарца доьзна иккхинчу протестехь дакъалаьцначунна дуьхьал


2020-чу шарахь Оьрсийчуьрчу Францин векалтанна хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалаьцначунна духьал бехктакхаман дов айдина Москвахь, яздо Кавказ.Реалиино.

Болам хIоьттинчехь цо "Дождь" телеканалана комментари луш, Мохьаммад Пайхамар сийсазвечарна ницкъаца бекхам бан беза аьллера, яздо Baza канало.

Францин векалтанна хьалха пикеташ хIиттийра протестхоша 2020-чу шарахь ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Векалтанна гонах гулбеллера иттаннаш, шайлахь Дагестанан, ГIалгIайчоьнан бахархой а болуш. Шайх хIора а шайн лаамца веана протест кхайкхо, бохура декъашхоша хIетахь Кавказ.Реалиига.

"Дождь" телеканалан репортера къамел дира дуьхьалонан акцин декъашхошца, цхьамма бохура, ша хIаллакван кийча ву Пайхамарна луьйш верг милла а. Оцу комментарица доьзна, "экстремизмалле нах кхайкхарна" бехктакхаман гIуллакх айдина, аьлла бу Baza каналан хаам.

  • 47-шо долу Пати Самюэль вийра дахначу шеран ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьршо йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна. Хаамашкахь яздарехь, хьехархо вийна Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа. Лоцучу заманчохь шайна дуьхьало йича полисхоша герз тоьхна вийра иза. Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.
XS
SM
MD
LG