ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къиза Iазапаш лелийна хилла царна тIехь"


"Новая газета" Оьрсийчоьнан ресурсо чIагIдо, Нохчийчохь кхеле а ца хIиттош, хетарехь, 2016-чу шарахь полицин декъана тIелетар дина ву аьлла хеташ, 27 стаг вийна бохуш, яздо "Настоящее время" телеканало. Шаьш бинчу талламан керла жамIаш зорбане даьхна газето, цу тIехь чIагIдо журналисташа и нах байъале хьалха "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна нуьцкъаша байIат дойтуш хилла цаьрга аьлла.

2016-чу шеран ГIуран-баттахь буьйсанна масех тIелатар дира полисхошна. Кхийсарш йира дуьхь-дуьхьал, ницкъахошкара герз даккха гIоьртинера тIелеттарш. ШолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, тIелеттарш схьалецна, цхьаберш байъина шаьш аьлла.

Масийтта кIиранашкахь леца болийра, полисхошна тIелетарш дарна бехке хеташ иттаннашкхаь кегийрхой. Царех цхьа дакъа цIа бахкийтира, цхьаболучарна хенаш йиттира.

2017-чу шеран аьхка "Новая газето" лецна хиллачарех 27 стаг вийна аьлла, Талламан комитете дIакхачийра информаци. Цигахь талламаш бира, амма нохчийн полисхоша бакъ ца дора, ур-атталла, нах лецна хилар а цхьана.

Оцу юкъанна, газето бинчу хаамца, вийначарлахь хилла Дасаев Адам "Грозный" телехьожийлан сюжетехь гайтира. Цунна уллохь вара Кадыровн цIарахчу полкан командир Ирасханов Аслан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

ТIаьхьо таIзар дина Дасаев Адаман ваша а ву видео тIехь Кадыровна уллохь гойтуш.

Оцу хиламашна тIаьххье "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано видео яржийра, 11 стага шайна байIат деш, бу царлахь ницкъахошна тIелеттарш а. Кхаа стеган яххьаш хьулйинера.

"Новая газетана" хетарехь, видео карийна хила там бу цхьахволчу лаьцначун телефона чохь, ткъа яххьаш дIаяйъа аьтто нохчийн полисхойн бен бацара.

Иштта, хаамийн гIирсан журналисташ тешна бу, даIишна дуй бууш а, царех дIахедаш а язъйина видеош нохчийн ницкъахоша язъйина ю аьлла, уьш лецначул тIаьхьа аьлла. Шема дIа ца бахана и нах, газетан хаамашца, Нохчийчуьрчу Iедалхоша баъйина хилла.

"Мемориал центран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега дийцина Настоящее Время телеканале, хIунда талламаш ца бо Нохчийчохь кхел йоцуш байъина хила тарлучух а, байначу а нахах.

– "Мемориал" а яра оцу байъина бохучу нахах информацина тIехь таллам беш. Муха ду аш дина жамIаш?

– "Новая газетаца" а, "Iазапна дуьхьалояран Комитетца" а, "Правовая инициатива" проектаца а юкъахь болх беш дара тхо, оха дина жамIаш гуш ду, шайн хIусамашкахь, тешийн бIаргашна хьалха лецна, дIабигина уьш Кадыровн полке, цигахь еххачу хеначохь къизаллаш лелийна цаьрца. Соьлжа-ГIалахь куп тоьхначу Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полкехь Iазапаш лелон, къайлаха набахте ю. И юйла массарна а хууш ду. Оцу набахтера арадаьхна ду байъинчийн декъий. Уьш байъина, царна тоьпаш ца йиттина, кеп-кепарчу методашца хIаллакбина уьш, бу царлахь оцу полкан декъа тIехь садукъийна байъинарш а.

ХIокху исторехь, юьйцу эрчо йоцург а, коьртаниг хIун ду аьлча, масийтта шерашкахь федералан Iедалхой дуьхьал хилар, и зуламаш талла, оха дуккха а факташ шайна хьалха йохкушшехь. Суна хетарехь, церан болх оха бина. Амма чIогIа дуьхьал бу уьш, и гIуллакх талла, оцу тIехь саботаж лелайо цара, ма-дарра аьлча, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал ца доху цара оцу хьокъехь.

– Муьлш бара и нах, лецнарш, ма-дарра царех лаьцна дийца йиш юй хьан? Ахь боху, шайн гергарчарна хьалхара дIабигинера уьш. Муьлш бара уьш: Кадыровн критикаш бара, йа билггал зуламхой бара, церан бехк хилар цхьана а агIор тIечIагIдина дуй?

– Хьажахьа, бехк тIечIагIбойла ду, официалехь талламаш дIа а баьхьна, юха кхелехь дов хаьттича. Ткъа церан гIуллакх дац йа теллина а, йа хилла кхел а яц, цхьана а тайпа официалехь бехкаш дехкина дацара царна. Оцу кегийрхойх цхьа дакъа терроран кепехь зуламаш дина бу аьлла, шеконашка эцна бара. Иштта боху "Новая газетан" каракхаьчначу, цул тIаьхьа оха теллинчу документаша, эр ду-кх вай, фототаблицаш, церан цхьа дакъа газето шайн агIонашкахь зорбане даьккхира. Оцу кехаташна тIехь яздина ду: "Бакъо йоцуш герзаш долчу наха вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъа лаьцна ву аьлла, шеконаш ю". Цхьаболучеран цIерашна дуьхьал яздина ду "эмир" вара аьлла, и бохург ду - вовшахтоьхначу тобанан куьйгаллехь хилар. Ши кепек мах бац оцу тоьшаллийн, вайх хIораннах а, хьох а, сох а, хьеннах лаьцна а яздан йиш ю церан ишта. Цунна дина тоьшалла хила деза. Оцу гIуллакхна ма бу талламчаш.

Ткъа цара хIун до, ППС-н территори тIе а балабой, ницкъбо царна тIехь, тIаккха бойъу уьш. Цхьаберш Iазап а хьоьгуьйтий, бойъу, и вийна 27 стаг а санна.

Вуьйжуш цигара официалан талламе боху, цигахь кхин нах хуьлу, цара мукIарло до, шайна дуьхьал доккхург тIе а лоцуш. Ткъа дийна бисинарш арабовлу цу чуьра, амма могашалла талхийна, кхелашкахула чекхбоху уьш. И кхелаш а – фикци ю. Царна тIехь кхелахоша бен сацамаш а фики ю, бакъонехь лелош хIуммаъ а дац цигахь.

Амма, къийса йиш йоцуш тоьшаллаш ду, оцу нахана тIехь къиза Iазапаш лелийна хиларх, уьш сийсазбина хиларх. Уьш билггал бехке бара аьлла, цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийра.

- Муьлхачу этапехь сацош ду талламбар? Мила ву бехке, Нохчийчохь нах кхел йоцуш баъйина хиларх гIуллакх талла дуьхьало йийриг?

– Iаламат чолхе хаттар ду иза. Массара а олу: "Нохчийчохь гIуллакх талла йиш яц, йоллу талламан органаш Кадыровн куьйга кIел ю". Федералан тIегIане довла вай!? ДагадогIу суна, кхечу зуламашна, масала, гейш лецча, уьш хьийзийча, байъича, Оьрсийчоьнан омбудсмено Москальковас Путине элира, Нохчийчуьра арадаьккхина и гIуллакх федералан тIегIанехь талла деза аьлла. "ХIаъ,хIаъ, деза" аьлла, цхьа ладаме корта таIийра Путина.

Дика ду, и 27 стаг верах гIуллакх федералан тIегIане даьккхира, Къилбаседа-Кавказерчу федералан гонашкарчу Талламан комитето, иза ма ю федералан структура, теллира. Циггахь сецна лаьтташ ду. Доккхачу декъанна, федералан талламчаша Нохчийчуьрчу полицино шайга схьакхачочу информацех бен пайда ца оьцу.

Полисхоша яздо: "Хьажийша, цхьаммо а сацийна вац и 27 стаг, тхоьгахь информаци ю, и нах Шема дIабахана хиларх". Ткъа талламчаш оцу хаамна тIетовжу, Шема дIабахна бохучу оцу нехан телефонийн биллингаш ца йоху. Уггар а хьалха цара дан дезарг и ма дара, иштта кхин дIа а. Уггар а хьалха дан деза, цхьа элементаран хIуманаша ца до цара- иза саботаж ю, талламбарехь саботаж яр.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG