ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь терроран тохарш хуьлучуьра юкъахдаьхна ша боху ФСБ-но


Кхарачой-Чергазийчохь, Ростовна гонах, аннекси йинчу ГIирмехь, Краснодар-махкахь шаьш 19 стаг лаьцна, уьш террорран тохарш дан кечлуш бара, дIахьедина ФСБ-н белхахоша, яздо Кавказ.Реалиино, "Медиазонин" хаамна тIе а тевжаш.

Лецнарш бехке бо Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2010-чу шарахь зуламе леринчу "Ат-Такфир вал-хьиджра" тобанехь хиларна.

ФСБ-н урхалло бахарехь, ницкъхошна карийна бусалбанийн РПК а, АКМ а маса-тоьпаш, патармаш, оьккху коьчал, "шахIидан доьхка".

XS
SM
MD
LG