ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 33 пациент, цомгуш хилла кхин а 681 стаг.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 16 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Дагестанехь – пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь – кхоъ, Адыгейхь – шиъ, ГIалмакхойчохь – цхьаъ.
Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7534 стаг.
Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодар-махкахь – 162 стаг.
- Краснодар-мохк + 162 (36 680 пандемин берриг муьрехь)
- Ставропол-мохк + 162 (46 038)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 77 (20 178)
- Дагестан + 60 (29 229)
- ГIалмакхойчоь + 53 (18 509)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 51 (18 568)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 42 (15 322)
- ГIалгIайчоь + 27 (14 517)
- Адыгей + 26 (13 615)
- Нохчийчоь + 14 (11 167)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар билгалъяьлла 223 823-зза. Ерриг а Оьрсийчохь* Чиллан-беттан 17-чу денна коронавирус карийна 4 112 151 стагехь.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико чулоцу Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а.