ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера араваьккхина дагестанхо Оьрсийчоьно бехкевина ДАIИШ-ехь хиларна


Украинера араваьккхина 24 шо долу Дагестанерчу Муцалаулера Абдулкаримов Шемал лаьцна Оьрсийчохь. Цунна бехкедо низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь лелла хилар. Оцу хьоькъехь тхоьга хаам бина Украинехь бехачу цуьнан доьзало.

"Лаьцна, Белорусера Хасу-Юьрта вигина иза. Юьхьанца цигарчу полицехь вара, хIинца билггал стенгахь ву ца хаьа, ", - боху Абдулкаримовн гергарчо.

Цо бахарехь, шен 16 шо долуш, Оьрсийчуьра араваьлла, Малхбалехь: Африкехь Iаьрбийн мотт а, бусалба дин а Iамош лелла иза. Шо гергга дара Абдулкаримов Украине ваха воьссина а, цигахь цо меттигера зуда ялийна а. Iаьрбийн мотт хьоьхуш хилла жимчу стага Украинехь.

Хьалхо пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло, ДАIИШ-ан дакъа ду аьлла, "Киевна гергахь лийцира нах, Абдулкаримов ницкъаша дIахьажийра Беларусе.

Цуьнан гергарчара тоьшаллаш дарехь, федералан а, я дуьненаюкъарчу а лехамашкахь хилла вац Абдулкаримов. Шен зуда украинахо хиларе терра, махкахь вита везаш вара иза Iедало. Амма иза лаьцначу Украинан низамхоша цунна тIекхача аьтто а ца белла адвокаташна, къайлах дIавигина Беларусин дозане.

Хьалхо Украинан Киеверчу кхерамзаллин урхаллин (СБУ) Киеверчу а, Киев-кIоштан а дакъа мехкан шина кIоштахь хьийжира Дагестанера схьабевлла нах бехачу хIусамех. Беларусе дIахьажийра масех стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG