ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дерриг хууш ду Кадыровна". Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах дуьйцу Каляпин Игора


Нохчийчохь билггал нах байъина хиларх тоьшаллаш Iорадаьхна "Новая газетано". Ресурсо бинчу талламехь кехаташца тIе а чIагIдеш дуьйцу, 30 сов меттигера вахархо 2016-2017-чу шерашкахь полисхошна тIелатар динера аьлла, лацарх а, цул тIаьхьа йина кхел йоцуш, уьш хIаллакбина хиларх а. Газетан хаамашца, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан дозана тIехь латтийна хиллера уьш, шаьш суьрташ хIиттош, дIаязъечу роликашкахь цаьрга дакъа а лоцуьйтуш. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана байIат деш видеош зорбане ехира интернетехь, оцу сохьта царех дIакъаьсташ видео йоккхура.

2017-чу шарахь Дечкен-беттан 26-чу буса шайн каравеана хилла 27 меттигера вахархо вийна хиларх оццу шеран аьхка яздира "Новая газетано". Оьрсийчуьрчу Талламан комитете дIакхачийра журналисташа шаьш бинчу талламан жамIаш. Цхьа шо даьлча комитето жоп даийтира царна, бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьало а еш. Ткъа хIинца "Новая газетан" каракхаьчна, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, 2016-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а шаьш лецначу нахах хIиттийна тептарш. Шайгахь йолчу информацица 2017-чу шарахь къайлахчу набахтехь байъина бохучу нехан цIераш а карийна журналисташана оцу тептаршкахь.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "Iазапашна духьало латточу Комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора дийцина Нохчийчохь йина кхел йоцуш нах байъарх а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша церан терго ца ярх а.

- "Новая газетан" талламашкахь яздо, 2017-чу шеран юьххьехь Нохчийчохь вийначу 27 стеган суьрташкахь хIоттийна таблица оцу махкарчу ФСБ-н белхахошкара кхаьчна шайга. Цаьрга дIакхачийначо къадийна а хилла, урхалла лууш ю и информаци Iораяла а, нах байъар талла а аьлла. Къайлахчу сервисаша официалехь аьтто хIунда ца баьккхина и гIуллакх даржош?

- Суьртех хIоттийна таблица къайлаха, официалехь а доцуш кхачийна ю журналисташка. Схьагарехь, информаци Iораяьлла. Цецвийла хIума дац кхузахь, хIунда аьлча, ши-кхо шо хьалха а Нохчийчуьрчу ФСБ-н белхахоша кест-кеста хаамаш бора шайн билгалбаьхначу нахехула. Байначу бахархойн кхолламех лаьцна видеош, йа цхьана кепара хаамаш хуьлура уьш. Ницкъаллин структурашкахь болх бечийн а, (ишта эр дара ас полисхойн а, Талламан комитетан белхахойн а ма ду кийрахь дог. Уьш адамаш ду, винтикаш яц. Царна ца тов республикехь хуьлуш дерг, уьш дика кхета и дерриг а низамашкахь доцийла а, цо цхьана а тайпа машаре вуьгур воцийла а. Церан аьтто бац пачхьалкхан политикана а, кIад ца дечу Талламан комитетна а тIеIаткъам бан. Цундела журналисташца а, бакъоларъярхошца а контакте буьйлу уьш.

- Хьуна хетарехь, леринчу операцин куьйгалла дина ца Iаш, лецначарна тIехь Iазапаш лелориг а хила тарлой Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан?

- Цхьацца меттигашкахь цо ницкъбинийла суна хууш ду: цуьнан къизалла лайначара шаьш дийцина соьга. Дикка хьалха хилла ду иза. Ткъа хIинца а оцу Iазапаш лелорехь цо дакъа лоций суна ца хаьа. Суна хетарехь, коьрта и дац. Регионан куьйгалхо а, шозза инарла а хиларе терра, цунна хууш ду дерриг а, цо могуьйтуш а ду. Цигахь лелийна аьлла, гучудаьллачу цхьана зуламна даржхо бехкевина вац. Мелхо а цо (Кадыровс. - Редакцин билгалдаккхар), дIакхайкхадо "шогалла лело еза, пусар ца до ас низаман, Кадыровс жоп лур ду, шайна лаахь, со чуволла", бохуш. Ишта олуш хазахета цунна. Ткъа муха тIеоьцу оцу кепара дIахьедарш цуьнан куьйгакIел болучара? Царна гуш ма ду, низаме юхахьежа ца оьший, лаьцнарг бехке велахь а, вацахь а, цхьаммо а къестор долуш хIума доций а, оцу бахьанашца шен мостагIца а, Кадыровна чаташкахь критика мел ечаьрца а йист яккха йиш юйла а. Терроризмаца къийсам латтабо а бохуш, шайна цатовш болу нах бу новкъара бохуш.

- Бинчу талламашкахь охьабагарбина билггал нах бойъуш юкъахь хилларш а, иштта цIераш яьхна урхаллийн а. Уьш гIарабахаро кхечарна кхерам а тосур бу, нах хьийзорна а, нах хIаллакбарна а юхабевр бу аьлла хетий хьун?

- Тарло юхабовла. Вакуумехь бехаш ма баций уьш. Нохчашна хIума дагахь лаьтта, эс дика ду церан. Цхьа итт шо далахь - политикан дахар муха керчар ду вайна ца хаьа, бакъду, ницкъбар, Iазапаш латтор цхьанна а дицлур дац.

- 2017-чу шеран аьхка 27 стаг Нохчийчохь верах лаьцна газетано Iораьяккхинчу информацино кхин а нах байъар юкъахдаьккхина хила тарло аьлла хетий хьуна?

- Тарло аьлла хета суна. Цхьана агIор, бух боцуш нахана дуьхьал зуламан гIуллакхаш дахар ца сецна, тахана а лоьцуш, чубухкуш бу нах, делахь а, царех лаьцна дуьйцуш дацахьара, Кадыровн го Iорабоккхуш скандалаш гIуьттуш яцахьара, хIаллакбен нах кхин а дукха хир бара. Журналисташа бечу талламийн а, Малхбузен санкцийн а пусар ца до шаьш бохуш, Соьлжа-ГIалахь а, Москвано а кепаш хIиттаяхь а, ма-дарра аьлча, уьш дарбо цара. Церан репутаци а бехло. Кадыров Рамзанна бен-башха ца хила а куц ду, ша Америке ца витча а, тIаьхьакхисича а ца оьшу цунна Америка.

Амма, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна бен-башха доцуш хуьлийла дац аьлла хета суна. Дозанал а арахьа цуьнга хеттарш до. Кадыровс санна, тесна дуьтийла яц и хеттарш, ша цивилан куьйгалхо волуш санна, бух боцуш шена бехкаш дохкуш санна кеп хIиттон еза цо. Оцу факташа новкъарло йо цунна. Цхьа хан мел йолу, Рамзан Ахматовичан мерах пIел тухуш хир бу аьлла хета суна Путина: "Дукха тIех ма вийла цигахь!" олуш. Мел а иза юхаийзалуш волуш санна хета суна.

– Лецна хилла, роликашкахь гайтина кегийрхой билггал хилла-те "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана байIат дина, цаьрца гIуллакх догIуш?

- ДаIишхой цигахь тIехбевлла а бац, царна чIагIонаш яр, дуйнаш баар а - и дерриге а хIоттийна суьрташ ду.

- Стенна оьшу Iаьржачу байракхашца, таррашца, цхьана ламасташца, кехаташ тIера йоза а доьшуш, и кинош яхар?

- Режиссерийн Iалашо хууш ю. ЧIагIо йойтуш видео дIаязйо, юха байракх а хуьций, даIишна кегийрхошка неIалташ кхийкхадойтуш ролик йоккху.
Ституацига хьожжий, хьалха шолгIа язйина видео Iорайоккхуш меттиг а нисло, йа дуьххьарлерниг хьалха, шолгIаниг тIаьхьа. Стаг каравеаний, шайна луъучу агIор пайдаоьйцу цунах, даIишхойн агIонча а вало цунах.

- Хьовсархой теша-те?

- Теша тарло. Iаьржачу байракхна хьалха ритуалан дешнаш. Оцу тайпа роликаш интернет а яьккхина ю.

- Оьрсийчуьрчу ЛГБТ- машанан векалш саготта бу, Нижний Новгородехь лаьцна, Нохчийчу дIавигина Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а верна. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а ма кхаьчна церан гIуллакх, шина кIентан кхоллам муха боьрзур бу аьлла хета хьуна?

- Нохчийчоь - цхьа Iаламатан майда ю, цигахь хIуъа а хила тарло. Вен тарло и шиъ. Дуьненна гIаравелира оппозицин IАДАТ телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Салман. Иза лацарр доллу дуьненна хаьа, иза лачкъийна ах шо хан яьлла. Дуьненна а гуш, кхечу мехкан дозана тIехь стаг лоцу, сацаво, лачкъаво, Магамадов а, Исаев а санна, тIаккха Нохчийчу дIавуьгу. Вайна гина-кх, Тепсуркаев шишана тIе хаош. Масех де даьлча юха видео яржийра, буьйсанна цхьана урамехь дIавоьдуш иза гойтуш, цул тIаьхьа цунах лаьцна цхьа хIума ца хези вайна.

Европерчу кхело Оьрсийчоьне дIахьедар ма дира, амма цунах гIо ца хилира, Терсуркаев кара а вина, иза Iалашван аьтто ца баьккхира. Суна хетарехь, Соьлжа-ГIаларчу а, Москварчу а Iедалшна кIезиг эхь хета, алсам дозаллаш до цара, шаьш чIогIа ду бохуш, пусар ца до цара низамийн. 5-10 шо хьалха хIара нисделлехь, цхьа йоккха скандал гIатта там бара оцу тIехула.

Геленджикехь Тепсуркаев лачкъийначу полисхочун цIе а хаьа вайна, муьлхачу полицин декъехь иза болх беш ву а хаьа, Тепсуркаев стенга вигина а хаьа. Боллу хаамаш Талламан комитете дIакхачийна ма бу. ТIаккха? Кхин дIа йолуш йист яц. Дийна вуй-те Тепсуркаев? Хила тарло аьлла хета суна, кхин а цхьана ханна вуьтур ву цара иза, цуьнгара шайна мел оьшу информаци схьа а эцна, цул тIаьхьа тапъаьлла са а дукъийна, лаьттах вуллур ву. Цхьана а Европерчу кхелахоша дан гIо а дац.

Билгалдаккхар: Чиллан-беттан 4-чохь Нижний Новгородехь лачкъийна ву Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. Гуьмсе дIавигинера и шиъ. Нохчийчуьрчу Iедалхоша бехкевира и шиъ, террорхойн агIончаш хилла ву аьлла. Ткъа "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана хетарехь, церан ориентаци бахьана долуш тIаьхьабевллера царна Iедалхой.

- Стенна оьшу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна нах байъар? Тоаме дац цунна тахана халкъехь лаьтта кхерам?

- Рамзан Ахматовична хетачух тера ду, адам кхерор, террор - муьлххачу а цамгарх дарба ду аьлла. Муьлххачу а бохамна дуьхьало йо цо стаг кхерош, террорца. Лоьцучу "хIума хуучу" зударшца а, ваххабизмца санна, къийса волало иза. Муьлххачу а ша резавоцчу хIуманна: лаца, етта, хIаллакве. Кхин дарба дан а дац цуьнгахь.

- Оцу маьIне диллича, Нохчийчоь - шатайпа регитон ю?

- Ницкъаллин структураш цхьанхьа а къаьсташ яц низамаш лардеш хиларца, амма, Нохчийчохь дерг кхин цхьана а регионехь дац. Полисхошлахь нисло кхеташ болу нах, ишта болх бойла дац, шога, ган а гуш, харц зуламан гIуллакхаш дуьхьал дохуш, ларми чохь латтош хилларг садукъийна вен а воьй, цунах тIемало веш.

Цхьа гоьваьлла террорхо, герзаца волу мостагI ма вац иза, бакъо йоцуш вийнарг, эр вай. Йина кхел а йоцуш, бина таллам а боцуш, муха, хьан вийна Басаев Шемал блохуш, эргIад оьхуш цхьа а вац, массарна а хууш дара иза гIаттамхойн лидер, тIемало, террорхо хиллийла. Иштта иза санна бойъуш бу, хетарехь, цхьана хIумана тIехь Кадыровна, йа цуьанан гонерчу нахана цатайнарш.

***
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий дуьхьал хилира "Новая газетан" Нохчийчохь байъинчу нахах лаьцна материалех лаьцна дош ала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG