ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: Оьрсийчуьра 33 банк ю дефолтан кхерамна кIел


2021 шарахь дефолт хила кхерамечу хьоле яьхкина Оьрсийчуьра 9% банкаш – ерриг а 33, яздо РБК агенталло, рейтингийн "Эксперт РА" агенталлин хаамна тIе а тевжаш.

Аналитикаша бахарехь, банкийн секторан могашаллин индекс карара шо долалуш хилла 91% (2021 шеран финансийн таронаш шеконехь яцар). Иза бохург ду, 366 банках 33 (9%) дефолте кхача тарлуш хилар, пандемино кхоьллина халонаш бахьанехь лицензех йовла тарлуш хилар.

Шаьш банкаш йовзуьтуш яц экперташа. Амма халонийн коьрта бахьана лору коронавирусан тIаьхьалонаш, цара лахйина боху банкийн бизнесан жвсаралла, оцу юкъадогIу наха ахча банкашкара юхаоьцуш хилар а.

"Индекс хIоттийна банкийн дефолтийн зеделлачунна тIехь, цо гойту хила тарлуш долу зенаш. Амма стохка кхоллаелла банкийн терахь "шашах лахдаларан " тренд – долахоша шайн лаамехь лицензеш охьайохку, юкъайоьлху яккхийчу банкашна", — билгалдоккху "Эксперт РА" агенталлин валидацин декъан директора Беликов Юрийс. Цо бахарехь, агенталло дефолте яха тарло аьлла билгалъяьхначу банкаша лицензеш охьаяхка мега, Оьрсийчоьнан Банко уьш хьен ца йича а, шайн лаамца.

"Эксперт РА" хадочу мехо гойту Оьрсийчуьрчу банкех 51,6% банках кредитан таронаш лахара йолуш хилар — В класс тIера ССС классе кхочуш. Цаьргара хьал ца Iа пандеми бахьанехь лахделла, аьлла хета агенталлехь.

  • Эшначу хьолан бухахь ду банкийн бизнесехь са хилар лахдалар а, кхидолу а хеьлаш.
XS
SM
MD
LG