ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роскомосан куьйгалхочо мемашца жоп делла Штатийн дуьне толлу аппарат Марс тIе йоьссича


Оьрсийчоьнан Роскосмосан куьйгалхочо Рогозин Дмитрийс твиттерехь ши сурт арахецна Американ "Персеверанс" аппарат толамца Марс тIе йоьссича.

Цхьанна тIехь Рогозинан сурт ду Марс толлу машен гойтуш даьржинчу суьрта тIе латийна, йоза хIоттийна: "Марса тIехь америкахошна дуьххьара гинарг", аьлла.

ШолгIачу твит тIехь сурт хIоттийна, карахь лозунг йолу Марс тIера бахархой гойтуш, ингалсан маттахь ду тIера йозанаш: "Янкаш, шайн цIа гIо", "Марс – Марс тIерачу бахархошна".

ТIаьхьо дIадаьхна и суьрташ. ХIинццалц хьаькаман твиттер яра цо куьйгалдечу Роскосмосан официалера твиттер. Ткъа оццу хьукматан куьйгалхочун Рогозинан гIовса Савельев Сергейс пачхьалкхан корпорацин официалерчу телеграм-каналехула декъалйира Америкера космосан НАСА агенталла толамца дуьне толлу аппарат Iалашоне кхачорца.

"Персеверанс" Марса тIе йоьссина Чиллан-беттан 19-чохь. Дахаран ларш лахар а, оцу планета тIера латта юхакхачор а ю аппаратан Iалашо.

Цул совнаха, аппарато зуьйр ю Марс тIе адам кхачош йолу технологи, дуьххьара цигахь стигала дрон хоьцур ю Марс толлуш.

Вуно хала мисси ю Марс таллар, ша "Персеверанс" а ю хIинццалц кхоьллина хиллачу дуьне толлучу аппараташлахь уггаре чолхениг. Аьтто балахь, аьхка цунах дIакхетар ю китайхоша Марса тIе хьажийна йолу "Тяньвэнь-1" аппарат.

  • Дуьххьара а, тIаьххьара а Оьрсийчоь гIоьртира Марса тIе кхача 1996-чу шарахь. ХIетахь дуьне толлу "Марс-96" станци ца яккхаелира новкъа, Лаьттанна гергахь, Байконур космодромера стигала хецна 5 сахьт даьлча, иккхира иза. Советан пачхьалкхо йоссийра Марса тIе шен аппарат 1971-чу шарахь.
XS
SM
MD
LG