ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца цхьана сурт даьккхинчу шен гIовсера жоп дехна Украинан премьеро


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьана сурта тIехь муха нисвелла тIекхиаве ша аьлла Украинан премьер-министро Шмыгаль Дениса шен гIовс волчу Уруский Олеге. Новости агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь хIоттийначу Дуьненаюкъарчу IDEX 2021 тIеман техникан гайтамехь Уруский Кадыровца цхьана вогIуш даьккхина сурт хьалхо Фейсбукерчу шен аккаунтехь зорбане даьккхинера Шмыгаля.

"Уруский Олегера маса жоп доьху ас", - аьлла, буха яздинера премьеро.

Гайтам вовшахтоьхначийн протокол бахьана долуш нисвеллера ша Кадыровца цхьана даьккхинчу сурта тIехь аьлла, жоп деллера вице-премьеро. Цо бахарехь, IDEX 2021 гайтам схьабоьллучу официалан церемонехь даьккхина сурт ду иза.

"Церемони йолалучу юкъанна официалан делегацийн куьйгалхой дIасахIиттор барам вовшахтоьхначийн карахь дара. Элпийн могIарехь дIахIиттийнера тхо", - яздира Урускийс фейсбукехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шен цкъа а уьйр хилла а яц, я хир ю ала меттиг а бац аьлла, тIе а тухуш.

"БIа ца болар а, Украинан ледаралла а гойтуш санна, цхьана а пачхьалкхан, я агрессор лоручу мехкан векалх "къехкар" нийса а ца хета суна",- аьлла, дIахьедина Урускийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG