ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бераш ненан маттах хер ца дан гIерта арахьа беха нохчий


Шайн бераш ненан маттах хер ца дан гIерта арахьа беха нохчий
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:33 0:00

ЮНЕСКО вовшахтохаралло кхайкхийна Ненан меттан дуьненаюкъара де дара Чиллан-беттан 21-чохь. Оцу дийнахь 1952-чу шарахь, цу хенахь Малхбалерчу Пакистанехь йолчу Бангладешан Дакка гIалахь, шайн бенгали мотт пачхьалкхан мотт бар доьхуш арабевлла студенташ байъира Iедалша. ЮНЕСКО-н хаамца, Оьрсийчохь нохчийн мотт буьйцуш ву 1 миллион 330 эзар гергга стаг. Делахь а, иттех шо хьалха оцу вовшахтохаралло юкъатуьйхира иза бовш болчу меттанашна. Къасттина яккхийн халонаш хьоьгуш бу ненан мотт ларбарца махкал арахьа беха нохчий. Маршо Радион корреспондента къамел дира оцу хьокъехь Великий Новгородехь бехачу вайн махкахошца.

XS
SM
MD
LG