ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iадат телеграм-канале язбеллачу нехан цIераш зорбане яьхна Нохчийчохь


Гайтаман сурт

"Альтернатива 95" анониман телеграм-канало арахецна Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь йолчу IАДАТ телеграм-канале язбеллачу нехан телефонан номерш а, цIераш а тIехь йолу скриншоташ. Царах цхьаболу нах кхетош-кхиоран а, профилактикан а къамелаш дан кхайкхина республикан кIошташкарчу полицин декъашка.

Ша IАДАТ-а яздарехь, керла канал кхоьллина Iедалша омра а делла, шайна альтернатива санна. IАДАТ телеграм-каналан бу аьлла болчу нехан цIераш дуьххьара зорбане ехира мессенджерехь Чиллан-беттан 7-хь.

Кхин а масех де даьлча Шелан а, ТIехьа-Мартанан а, Теркйистан а, Куршлойн а, Гуьмсан а кIошташкарчу полицин инстаграм-аккаунташкахь хаамаш гучубевлира, кегийрхой а кхайкхина, "Интернет машанехь терроризм а, экстремизм а гучуяларца доьзначу хаттаршкахула» къамелаш дина" хиларх лаьцна.

ХIора хаамехь ялош ю полице кхайкхиначу кегирхойн цIераш, изза цIераш ю "Альтернатива 95" канало Iора яьхнарш а.

"РОВД-н белхахоша оцу тайпа мероприятеш йийр юй хиънехь, ас кхин а алсам зорбане йохур яра оцу нехан цIераш. Цхьа ши эзар номер билггал хир ю сан телефонехь… кестта, сайна «личка» схьа а йиллина, кIошташка дIасайохьуьйтур ю ас царах лаьцна хаам тIехь болу и инзаре йоккха база", - хаам бина "Альтернатива 95" каналан цхьана анониман авторо (йозанан орфографи йитина ша ма хиллара - редакцин хаам).

IАДАТ-е язбелла могIарера нах боцург зорбане баьхна каналан администраторш бу бохучу нахах хаамаш.

"Кадыровн Нохчийчохь а, ерриг а Оьрсийчохь а беха нах кхеро гIертар ду иза. Тхуна гIортор ца яйта я тхан хаамаш ца бешийта деш ду иза. Оцу спискашна юкъатоьхна цара хьалха лечкъийна болу нах а, шайн белхахой а, дуккха а нах бу шайн канале хьожуш ала», - аьлла IАДАТ телеканалан администраторо Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь.

Цо чIагIдарехь, "Альтернатива 95" канал кхоьллина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан омрица. Кавказ.Реалиин редакцино билгалдоккху, шайгахь комментари ца хилар республикан куьйгалхочун зорбан-сервисера.

"Комитет против пыток" тобан Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Аламов Мохьмада билгалдаккхарехь, нахах лаьцна оцу тайпа хаамаш Iора бахаро дохадо Оьрсийчоьнан низамаш.

"МогIарерчу вахархочуьнан оццул хаамаш карон, оццул дукха хаамаш муххале а карон ши некъ бу – я, низам а дохош, интернетехь уьш эца, я МВД-н а, кхин йолчу а лерринчу сервисийн базана тIекхача, - билгалдоккху цо.

Аламовс дийцарехь, оцу тайпа кепаш лелайо «язбелла нах а, хаамаш боьшу нах а» оцу каналера дIабахийтархьама.

  • 2020-чу шарахь Охан-баттахь кхоьллинчу IADAT телеграм-канало ша «Кадыровн диктатурина дуьхьал болу Нохчийн Республикера халкъан болам» лору. Карарчу хенахь оцу канале язвелла ву 17 сов эзар стаг. Дийнахь оцу каналан хаамашка хьожу 229 эзар гергга стаг. Иза гойту схьайиллинчу статистико.
  • Оьрсийчоьнан талламан комитето толлуш ду IАДАТ телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Салман лачкъор бахьана долуш долийна бехктакхаман гIуллакх. Тепсуркаев лачкъийра 2020-чу шарахь Гезгмашин-беттан 6-хь Геленджикехь, шаьш МВД-н белхахой ду аьлла кехаташ гайтинчу наха. ТIаьхьо гергарчу нехан аьтто белира Салманан телефон Соьлж-ГIалахь Кадыров Ахматан цIарахчу полкан кертахь хилар къасто.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG