Тахана, Чиллан-беттан 23-чохь, 77 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна. И бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а д1аяхьа дагалаьцна Европехь а, Америкехь а, Азерчу пачхьалкхашкахь а бехачу вайн махкахоша а, церан накъосташа а.
Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011-чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де.
Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар геноцидан акт хилар даре дира Европарламенто 2004-чу шарахь.