ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна дуьхьало йиначарна деттачу гIуданийн барам алсамбаьккхина Путина


Нах вовшахтоьхна, акцеш дIахьочу заманчохь къепе йохорна а, полисхошна дуьхьало йиначарна а, коммерцица йоьзна йоцучу организацеша-арахьарчу агенташа а, цаьрца болх бечу наха а шаьш зорбане йоккху контент "арахьара агент" аьлла, билгал ца яьккхинчарна а деттачу гIуданийн барам лакхабоккхучу низамашна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Митинге нах арабохучара финансашца йоьзна къепе йохаяхь, царна 10 эзарна тIера 20 эзаре гергга соьмашкахь гIуда тоха бакъо ю. Нагахь санна, даржхо иза велахь, 20 эзар соьмера 40 эзаре гергга ахча охьадилла дезар ду. Ткъа организаци иза елахь, 70 эзар соьма тIера 200 эзар соьме кхаччалц бу гIуданан барам.

Полисхошна дуьхьало йинчунна гIуда кхачор ду 4 эзар соьме гергга, нагахь санна, шолгIа а цуьнгара и тайпаниг далахь, 20 эзар сом гIуда тухур ду цунна я 120 сахьтехь пачхьалкхна ишттанехь белхаш бойтур бу. Бакъо хир ю 15 денна-буьйсанна чохь хан яккхийта а.

Хаамийн гIирсашна гIуда тухур ду 50 эзар соьме кхаччалц, нагахь санна шаьш НКО-х а, "арахьара агенташ" лоручу нахах а лаьцна яздеш, маркировкаца къаста ца дахь.

Коммерцица йоьзна йоцучу организщацеша шайн статус билгал ца йоккхуш, информаци яржаяхь, царна тIедожор ду 100 эзар соьма тIера 300 эзар соьме гергга гIуда, ткъа даржхошна кхачор долчу гIуданан барам бу 300-500 эзар сом.

ТIаьххьарчу шерашкахь йохка-эцарца йоьзна йоцу 148 юкъаралла «арахьара агент» аьллачу статусе яьккхина, ткъа царех 137 Оьрсийчоьнан юстицин министраллан сацамца.

«Арахьарчу агентийн» тептаршкахь ю экологин, гIоьналлин, медицинан, бакъонашларъяран юкъараллаш. Фондан жамIашца, оцу реестр юккъера дIаяьккхина 26 юкъаралла, цара шаьш шайн болх сацорна, ткъа 18 кхечу пачхьалкхашкара ахча схьа ца эцарца. Шаьш арахьарчу мехкийн агент йоцийла тIе ца чIагIдинчу 50 хьукматна дуьхьал администрацин гIуллакх айдира.

2012-чу шарахь Оьрсийчоьно тIеэцна коммерци лелош йоцучу вовшахтохараллех лаьцна долчу низам. Цу низамаца а догIуш, махкал арахьара луш долчу ахчанах болх беш йолчу вовшахтохараллашна статус елира «кхечу мехкан» агент аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG