ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iовхойн кIошт юхаерзон еза аьлла, юха а карладаьккхина Дагестанан Iедалхошна


Сайтиев Бувайсар
Сайтиев Бувайсар

1944-чу шарахь нохчий махкахь бохуш дIайохийна Iовхойн кIошт юхаметтахIотторах лаьттачу хаттаран йист яккхар хьехна пачхьалкхан Думан депутато Сайтиев Бувайсара дагестанхошна. ТIаьхьо Iедалхоша къомана реабилитаци йинехь а, Iовхан бахархошна бакъо ца елира шайн хIусамашка берза. Дагестанерчу Новолакан кIошта юкъа йогIуш ю и меттиг тахана.

"30 шо зама ю лакцаш керлачу меттиге дехьа а бохуш, Iовхан кIошт юхаметтахIотторан процесс, шаьш лелочух а кхеташ, дуьхьалонаш латтош, вежараллин шина къоманан юкъахь гамо а хьегIаш, тесна юьту. Тапъаьлла Iарх проблема йоьрзур яц",- аьлла, дIахьедина нохчочо, Дагестанан цIарах Пачхьалкхан Думехь волчу депутато Сайтиевс инстаграмерчу шен агIонехь.

"Массо а дагестанхошка" бина цо шен кхайкхам: "Нагахь санна, вайн барт хилахь, шарIаца а, Оьрсийчоьнан низамашца а нохчий бакъ бу шайн лаамашкахь, ткъа вай нийсонца, дуьххьал дIаала деза вешан бахархошка, хIара хуьлуш дерг низамехь цахилар, вай тIедожжийна Iедале а, нехан хIусамашкахь бехачу нахе а кхайкхам бан беза, нехан бахам юхаберзабе аьлла".

Нохчийн къам махкахь даьккхина рогIерчу дийнахь Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Меликов Сергейс инстаграмерчу шен пена тIехь Турслочун денца декъалбира нах, амма дош ца яздира вайнахана йинчу депортацех.

ХIора шарахь а санна, Дагестанерчу Новолакан кIоштахь тезетан митинг хIоттийра пхи эзар гергга нах вовшахкхетта. Цигахь а хьахийра Iовхойн кIошт юхаерзор дахдина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG