ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентах ша тера хиларх дийцина "Путинан кхоалгIачу йоIа"


Оьрсийчоьнан президентан кхоалгIа йоI ю аьлла хетачу Розова Елизаветица (Луиза) йина интервью зорбане яьккхина кхаарин дийнахь GQ журнало. Билггал Путинан йоI юй хьо аьлла, хаттар ца делла цуьнга интервью ечо. Делахь а, къамел чакхенга доьдуш, авторо хоьтту Елизавете, пачхьалкхан президентех хьуо тера хетий хьуна аьлла.

"Иза кхиазхо волчу хенахь даьхначу суьрташка хьаьжча, хетарехь, тера ю. Амма, вайна гуш ма-хиллара, дуккха а нах бу Владимир Владимировичех тера", - аьлла, жоп делла йоIа.

Стохка "Проект" ресурсо шаьш цунах а, Санкт-Петербургехь бизнесхо йолчу цуьнан ненах Кривоногих Светланех а лаьцна бинчу талламан жамIаш зорбане даьхнера.

"Дахар хуьйцу ситуаци" ю элира Розова Луизас (ден цIарца Владимировна ю иза)"Проектан" материал араяьлла де.

"Дуьххьара бинчу талламах артикл зорбане яьккхина де халла дагадогIу суна, оцу дийнахь корашка гатанаш а оьзна, меттахь кхо де даьккхинера ас. Кхаа дийнахь кхетам чохь а йоцуш Iиллира со. Иштта дара и. Тамехьа доцуш хIума дара иза", - дуьйцу журнале Луизас.

"Проекто" шен материал арахецначул тIаьхьа, инстаграмера хьайн суьрташ дIа стенна дехира ахь аьлла, шега хаьттича, "уьш ца даржадайта" элира цо.

Лахьан-беттан 25-чохь "Проекто" зорбане яьккхинчу материала тIехь чIагIдора, президентна цхьана заманчохь евзаш хиллачу Кривоногих Светланин аьтто баьлла миллиардийн да хила, цуьнца уьйраш хиларна аьлла.

Талламан авторша чIагIдарца, 2003-чу шарахь йоI йира Кривоногих Светланас, президентех "Iаламат тера йолу", цул тIаьхьа цуьнан доттагIаша дола деш лелийра и доьзал.

Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс бина таллам "эпистоляран жанр" а, "питане" болх а бу аьллера.

Президентан кхоалгIа йоI ю аьлла, гIараяьллачу Розова Луизех лаьцна хьахийна коррупцица къийсам латточу Фондо "Путинан шахьарх" бинчу талламехь а.

Путин Владимиран Людмилица юкъахь ши йоI ю – Мария а, Катерина а. Хетарехь, Воронцова Мария а, Тихонова Катерина ю и шиъ. Путина я бакъ ца до, я дIа а ца тотту, эндокринологехь талламш бен Воронцова а, Iилманехь а, инновацешкахь а цхьа могIа даржаш дIалаьцна йолу Тихонова а шен ши йоI хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG