ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьг кховдо а мегаш воцу Кадыров: Украинехь стенна ца веза Нохчийчоьнан куьйгалхо


Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь тIеман гайтам схьабоьллуш ечу фотосессехь ларамза нисвелла Украинан вице-премьер Уруский Олег Нохчийчоьнан куьйгалхочунна уллехь. Оцу хиламо дов эккхийтина Киевехь: лаккхарчу хьаькаме бехкаш боху, иза къам къинтIерадаккха декхаре а веш. Стенна ца веза оццул Кавказерчу регионан куьйгалхо Украинехь?

Бараман да йолчу бухарчу пачхьалкхан – Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн – протоколо шена къастийначу метте дIахIоьттира ша, хилла дац шен Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца юкъарло я ша и юкъарло оьшуш а вацара, аьлла Урускийс.

Амма оцу къамело ца дижийна дов: Украинехь арахьарчу гIуллакхийн министр Iийначу Климкин Павела халкъ къинтIерадаккхар тIедожийна Урускийна. Цуьнан дешнашца аьлча, вице-премьерна мегаш дац иштта лела, цо динарг пачхьалкханна бетах тIара тохар санна ду.

Амма Кадыров а ца Iийна аланза: шена Уруский мила ву хаъане а ца хаьара иза Абу-Даберчу тIеман техникан дуьненаюкъарчу гайтамехь шена уллехь лаьтташ, аьлла цо.

"Селхханалц и Уруский мила ву бала хилла а вац со. Хиинехь, улле а вуьтур вацара", – яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.

Бакъду, кIезиг тешаво оцу къамело, Кадыровна ца гина хуьлийла дац бараман протокол, хиина хила деза шена уллехь нислунверг Украинан вице-премьер вуйла.

Легалехь воцу политикан векал а, боксе безам а

Украинерчу хьаькамна оьшуш дац, гуш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочунна уллехь нисвала. Ткъа и куьйгалхо, масала, тIеман хьелашца доьзна, политикехь, бизнесехь девнаш дахарца вевзаш велахь-м муххале а. Ткъа Кадыров-м ву Украинехь оцу "корматалица" гоьваьлла. Оцу бахьаница дозу Урускийга Киевехь жоп дехар а. Ша Соьлжа-ГIалахь санна, халкъ шена къинтIера а доккхуьйтуш.

Кадыровна Украина тергонехь кхаба оьшу, кхин бахьана ца хилча, цигара нохчийн диаспора йоккха а, шен башхаллаш йолуш а хиларна. Амма иза а дац Кадыровна шен цIе чIагIъян бен оьшуш хIума - имидж ирахь латторхьама, Оьрсийчуьрчу наханна хьалха реклама еттархьама. Дагалоцур вай 2014 шо: Кадыровс Киеверчу шен векалан Цицулаев Рамзанан гIоьнца лецначуьра мукъабоху Москвара журналисташ. Президента Путина довха баркалла олу Кадыровна дипломатехь говза хьовзарна.

Ала дашна, ша Цицулаев ши шо даьлча Украинан кхерамзаллин урхалло махкахвоккху. Оцу урхалло – СБУ – бахарехь, Донбассехь Украинехьа тIемаш бечу нохчех мел дерг гулдеш лелла Цицулаев, ткъа ша ца хилла легалехь махка веана а.

Ма-дарра аьча, Майданера хиламаш буьйлабаллалц, ГIирмина аннекси яллалц, Донбассехь конфликт эккхалц йолчу заманахь Кадыровца юкъаметтигаш лелайора Украинехь бевзаш болчу наха. Масала, Кличко Виталий – иза Соьлжа-ГIала леларо а, цигара куьйгалхой Киеве кхачаро а журналисташна бух лора шина агIонна юкъахь довха гергарло ду баха. 2014 шо чекхдаьлча лела бух бацара иштачу юкъаметтигашна.

Делахь а стохка, Кадыровн агIор реверанс йира Киеван мэро: камерашна хьалха кIунзалвелира, Нохчийчоьнан куьгалхочо яржийначу флешмобехь дакъалоцуш.

Кадыров а, Донбассера тIом а

Ца йисира Донбассера конфликт кадыровхой декъа ца боьлхуш. 2015 шеран Товбецан-баттахь Кадыров къерахилира республикера "лаамхой" Оьрсийчоьно тIекарло ечу сепаратистийн агIор тIом беш хиларх. 2018 шарахь Кадыровс дош делира Донбассерчу "патриоташна "массо а кепара гIо латто".

Баккъал а бара тIеман аренашкахь хаалуш кадыровхой, амма уьш яккхий тобанаш яцара. Гарехь, цаьргара оьшург Кадыровн агIор сепаратисташкахьа тIом беш нохчий буйла хаийтаррий бен дацара.

Украинан эскаршна дуьхьал тIемаш бинарш социалан машанашка ларамза хIитточу посташа гучубоху, боху гучу еллачу орденаша а, мидалша а. Масала, Кадыровн цIарах йолчу лерринчу полкан буьйранчас Чалаев Замида шен цхьа бIаьхо винчу денца декъалвеш хаийтира цо Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а, Либехь а, Шемахь а тIемаш бина хилар.

2018 шарахь Украинехь тидаме ваьккхира Одессехь веха нохчийн совдегар Мусаев Халид, иза Кадыровн эмиссар ву Украинехь бохура. "Луганскан Халкъан Республика" олучу сепаратистийн декъехь тIемалошна ахча-бохча латторна бехкевира иза.

Кадыров а, Украинехь мехах нах байъар а

2017 шеран ГIадужу-баттахь Донбассехь Украино дIаяьхьинчу операцешкахь дакъалаьчна Окуева Амина йийра Киевна гергахь. Цул хьалха маситтазза йинера кIело цунна а, нохчийн батальонан буьйранчина, цуьнан майрачунна Осмаев Адамна а. Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн куьйгалхочун гIовса, депутата Геращенко Антона Оьрсийчоь ю, элира, оцу зуламашна тIехьалаьтташ.

Оьрсийчоьнца дузу Киевехь нохчо Махаури Тимур, дагестанхо Гусейнов Арсен вер а.

Иза доцуш, 2017 шеран ГIадужу-баттахь Киеван центрехь кIелойира Украинан Радин депутатна Мосийчук Игорна. И зулам дуьйзира Кадыровца – цо 2014 шарахь, лечкъа а ца деш, аьллера, ша дагахь ву Мосийчук хIаллакван.

Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо харцдо политика бахьанехь Украинехь ша нах бойъуьйтуш лела бохург.

"Украинана дуьхьаллаьтта радикализм"

ВорхI шарахь тIеман хьелашкахь ехачу Украинана бен-башха яц агрессор-пачхьалкхца лела юкъаметтигаш – иштта туьду Урускийца иккхина скандал Киеверчу Малхбале толлучу Центран куьйгалхочо Данилов Сергейс.

"Кхузахь ю Кадыровн фактор а. Цо 2014 шарахь бина кхайкхамаш хезна Украинерчу бахархошна, евза цуьнан позици а, реакци а, цо лелориг а – тIемаш лаьттачу зоне шен тIемалой хьийсор, иза нийсо яц, мостагIалла ду, аьлла хета экспертанна.

Кавказ.Реалиица къамел деш цо элира, Киево скандал бахьанехь ден дIахьедарш дозу ша Оьрсийчоьнан векалшца къайлаха гергарлонаш леладо бохуш дохку бехкаш тIерадахархьама.

Уруский Абу-Даберчу гайтамехь Кадыровна уллехь нисвалар украинахошна цатар уггаре хьалха дозало Нохчийчоьнан куьйгалхочо царна товш вацарца, элира Ukraine Analytica агенталлин коьртачу редактора Шелест Ханнас.

"Украинахой Оьрсийчоьнна резабацар а дац коьртаниг, коьртаниг ду Нохчийчоьнан лидеро Украинанна дуьхьал радикалан хьажам баккхар а, Украинан территори дIалацар къобалдар а", – билгалдаьккхира Шелеста.

Цо бахарехь, скандална бухахь ду хьеший тIеоьцучара хIоттийначу проколера гIалат. Амма украинахой оьгIазбахийтина Урускийс, ша Абу-Дабе дIакхаьчча, "хIоьттина ситуаци тоярхьама цхьа а хIума дина дацарца, цуьнца доьзна цо ден къамел ледара хиларца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG