ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФРГ-н вахархо бехкевина Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорна


Оьрсийчоьнца берта а вахна шпионалла лелош хилла аьлла, Германин вахархо бехкевина пачхьалкхан прокуратуро. Урхалло динчу дIахьедарехь бу и хаам.

Бундестаган дозана тIехь тоькаца доьзначун шен-шен рожехь талламаш а беш, парламенто пайдаоьцучу гIишлойн сиз-кепашка хьажа таро йолчу компанехь болх беш хилла ву бехкевийриг.

Германин Инарла прокуратуран хаамашца, Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисашка дIакхачош хилла лаьцначо къайленан информаци, шен лаамехь. Оьрсийн тIеман иччархойн урхаллехь (ГРУ) болх бечу, Берлинерчу Оьрсийчоьнан векалтан белхахочунна бахьийтина цо цхьаболу хаамаш 2017-чу шарахь.

Германерчу кхело сацамбийр бу, кхелан талламаш бан оьший хьожуш.

Цкъачунна Москоха цхьана а кепара Германин прокуратуран хаамах лаьцна дина дIахьедар дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG