ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонашкахула йолчу Женеван форумо совгIат лур ду Навальныйна


Навальный Алексей

Адамийн бакъонашкахула а, демократихула а йолчу Женеван форуман цIарах майраллин преми делла Навальный Алексейна. Оппозиционеран штабийн куьйгалхочуьнга Волков Леониде даийтинчу кехата тIехь бина и хаам. Кху шеран Мангал-баттахь хир йолуш ю совгIат дIалуш хIоттийна церемони.

Форум вовшатхухучеран кехат тIехь яздарца, Навальный "нийсонехьа, адамийн бакъонашкахьа къийсам латтон дуьне иракарахIоттош волу дела хаьржина ву".

"Кеста маьршаваьккхинчу цо ша схьаоьцур ду совгIат, видеоинтервью а луш" аьлла, дегайовхо ю церан. Нагахь санна, Навальный набахтехь хилахь, совгIат дIаэца цуьнан доьзалера цхьаъ кхойкхур ву шаьш аьлла, билгалдаьккхина организаторша, масала, Навальная Дарья, аьлла.

Адамийн бакъонашкахула йолу Женеван форум дIахьош ю 2009-чу шарера схьа дуьйна ООН-ан Кхеташонан гулам боьдучу заманчохь. Форум вовшахтуху Iедалшца йоьзна йоцучу 25 бакъоларъяран организацеша. Иштта цара хIора шарахь дIасадоькъу зударийн бакъонаш Iалашъечарна юкъахь а премеш.

2018-чу шарахь майраллин совгIат дира оппозиционерна Кара-Мурза Владимирна.

Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна айдина бехктакхаман "Ив Роше" дов луьстуш тоьхна хан меттахIотто. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира дов, сацамбира Навальныйна нийсонца ца йина кхел аьлла. Компенсаци елира цунна. Амма Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийса йина лерира цунна йина кхел, ца хIоьттира сацам хийца. Карарчу хенахь набахтехь ву Навальный, 3,5 шо хан тоьхна цунна колонехь яккха.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG