ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къилбера республикаш ца тов инвесторшна


Къилбаседа Кавказера ялххе а республика нисъелла инвестицешна нислуш болу аьттонаш толлучу Халкъан рейтинган агенталлин (Национальное рейтинговое агентство) тептарахь тIаьххьара.

Эксперташа билгалдоккху Оьрсийчохь инвестицеш лелар кху тIаьххьарчу деа шера чохь лахдала долар, ткъа цуьнан болар лагIлуш дуйла хаалора 2019-чу шарахь дуьйна а, боху цара.

Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь, даима а санна, хьалха бу инвестицешна товш хиларца Краснодар-мохк – 27-гIа меттиг.

Ставропол-мохк лаьтта 57-чу меттехь, Нохчийчоь а, Дагестан а 77-чу а, 78-чу могIарахь, царна герга ю Буряти, Жуьгтийн автономи кIошта, Курган.

80-85 меттигашкахь лаьтта ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Тыва, ГIалмакхойчоь, Кхарачой-Чергазийчоь.

Аналитикан "Элистара клуб" центран президента Санджиев Арсланга Кавказ.Реалиица къамелдеш билгалдаьккхира ГIалмакхойчоь аграрийн мохк хилар а, юьртбахамийн хьал 1990 шерашкахь дуьйна а оьшуш схьадеана хилар а. Цу тIе, Оьрсийчоьнан къилберчу мехкашлахь тоьках боккху мах уггаре лакхара болучех а ю регион – оцо некъ ца ло керлачу бахамашна кхиа.

Кавказ.Реалиина комментари луш, политолога Грабовец Ольгас билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказ инвесторшна вуно боккха пайда бан торуш мохк хилар, уггаре хьалха туризмехь. Амма цара кхоччуш мах ца хадийна шайна Къилбаседа Кавказехь хила тарлучу пайдан. Иза дозу цкъа а дIайовлуш йоцчу регионерчу проблемашца: логистика чолхе хиларца, белхан хьелаш, инфраструктура ледара хиларца, коррупци лаккхара хиларца.

Гробовеца дагадоуьйту Къилбаседа Кавказехь, кхечу регионашца дуьстича, инвесторш гергаузурш уггаре хьалха республикийн куьйгалхой нислуш хилар.

  • Хьалхо бинчу хаамца, Къилбаседа Кавказехь ГIалгIайчоь а, Дагестан а бара стохка инвесторшна уггаре товш боцу ши мохк.
  • ГIалгIайчоьнах хилла Къилбаседа Кавказехь дуьххьара регион-банкрот. Бюджетехь хIоьттинчу хьоло Москва декхарейина мохк тидамеэца.
  • Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министралло дехна арахьара инвестичеш чуйохьучу совдегаршна, уьш гергаузуш, Оьрсийчоьнан паспорташ дала магор. Оьрсийчуьрчу вахархочун паспорт дезачо еш йолу инвестице

    ш хила еза лаххара а 10 миллион соьманна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG