ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наношца бераш къуьйсу оьрсийн дай Нохчийчохь лечкъа


Гайтаман сурт

Кхо шой ах шой хан ю Москвахь ехачу Краснова Екатеринас шен кIант Ваня лоьху. Цуьнан хилла цIийнда Москвахь вина ву, ткъа 2019-гIа шо довш кIантаца цхьана Нохчийчохь хан яьккхира цо, хIинца ГIалгIайчохь ву. Нене кIант дIалуш, кхело бинчу сацамах уьдуш ву иза, боху Екатеринас.
"Правовая инициатива" проектан юристаш бу Екатеринин гIуллакхах йист яккха гIертарш.

Вайнехан ламасташца, да-нана къаьстича, бераш я деца, я цуьнан доьзалехь диса дезаш ду. "Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзал къаьстачу заманчохь дукха хьолахь дайшкахьа хуьлу кхелаш, - дуьйцу адокато Гнездилова Ольгас. - Нохчийчохь, масала, чийхо бо наной пурстоьпаша, иштта лелар ду цигахь. Ден агIо лоцу цигахь, и да нохчо вацахь а цхьана".

2017-чу шеран гурахь, Ванин шо долчу хенахь, Екатеринин цIийндас, оцу заманчохь кхиаме топ-менеджер вара иза, (Промсвязьбанкан цхьахйолчу структурин инарла директоран гIовс)дагахь а доцуш, садаIа дахарх хьахийра хIусамнене. Москвана гена йоццучу меттигехь ехачу Екатеринин нана йолчу иза дIа а кхетийна, цул тIаьхьа масех сахьт даьлча СМС яхьийтинера цуьнан телефона тIе: "Хьан бедарш ларъен камера чохь ю, цIа ма йола" аьлла. ЦIийнан догIанаш а хийцира Красновс.

ТIаьхьо къастарца, догIанаш хийцале хьалха хIусамдас арз дина хиллера Екатеринина берашна тIехь Iуналла дечу социалан хьукмате а, кхиазхойн гIуллакхаш луьстучу комиссига а, полице а. Цо латкъам бинера, иштта дIахьединера шен зудчун хинйолчу претензех а.

Зудчо бахарехь, билгалъяьхначу инстанцешка Красновс нана хила ша хьакъ яц аьлла, тоьшаллаш деш, цхьацца видеош дIакхачийна хиллера.
Доьзал баьхначу цIенна чувоьдучохь куп тоьхначу консъержна дихкинера Екатерина чу йита. Оцу петар чохь ехаш ю аьлла, дIаязъйина а ца хиллера иза, хIусаман долахо а яц иза.

ХIетахь дуьйна шен бер цкъа бен гина дац цунна. Карарчу хенахь лехамашка велла ву кIант, лачкъийна вигина аьлла.

Оцу юкъанна Екатеринин карахь масийтта кхелахойн сацам бу, бер кхуьнца дуьтуш суьдхоша хьесап дина. Красновс шен ма-хуьллу дуьхьало латтайо ненан бераца уьйр хилийтарна, кхелахойн тIедиллар кхочуш ца дан, лечкъаш лела иза.

Масала, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Екатеринин дийзира, кIант шега схьавоьхуш, керла иск чуяла. Кхелахоша дуьххьарлера сацам бовзийтинчул тIаьхьа, Красновс аьлла хиллера, Ванин нана шеца зIене яьлла а яц, я цуьнан бераца бала а бац аьлла. Амма кхелана тешаме ца хийтира цуьнан дешнаш, цара маса бер нене дIало аьлла, тIедожийра.

Кхелахоша уьссаза сацам бира - хIетте а гIуллакхах яьлла йист яц.
Оцу тIехь ца сецира да, цо юха а апелляцин латкъам бира Москварчу кхеле.
Красновн версица, "юург ца ловш проблема ю цуьнан хиллачу хIусамненан, цундела хала ду цунна беран дола дан, кIентан юучуьнца дозанаш детта цо, оцу бахьанашца дегI доккхуш вац иза" аьлла. КIант шех дIакъаставахь цуьнан психикана тIеIаткъам хир бу аьлла, дIахьедира дас.

Шайн кIоштара педиатр кхерийнера Екатеринас, ша бохург кIентан карти тIехь язде бохуш, иштта, 2018-чу шарахь шен дена-нанна динчу тIелатарна а иза бехке йира хиллачу хIусамдас.

Екатеринас лоьрашкара кехаташ-тоьшаллаш деара, ша могуш хиларх. Ткъа 2018-чу шарахь хиллачу инцидентехь, цо бахарехь, шен кIант дIавига гIоьртинаера иза, амма цунах а аьтто ца белира.

"Соьга ца дуьйцура, сан кIант стенгахь ву. Цундела денна Краснов вехачу а, цуьнан да-нана дехачу а цIенна герга йогIура со, сахьташкахь лаьттара со, сайн кIант гаре сатуьйсуш. Цхьана дийнахь бен ка ца елира сан. Сан кIант а карахь, хилла марнана гучуелира. Хьаьдда тIеяхара со, сох бIаьрг кхетта марда, зудчуьнгара кIант схьа а эцна, дIахьаьдира. Соьга бага лейора хиллачу марнанас, буйнаш бетташ, суна тIелетира иза, сан пальтон кочах тасаеллачу цо, месаш ийзайора сан, со лаьтта охьайилла гIерташ. Ас мохь хьоькхура, орца доьхуш, тIехбуьйлучара полицига телефон тоьхна хиллера. Полисхойн декъе дIадигира тхо массо а. Цигахь Ваня гар а хилира сан.
ТIаккха тIехьашхула тIекхаьчначу Красновн нанас гех масийттазза хIума туьйхира суна. Лазаро гора яхийтира со, тIаккха соьгара кIант дIаийцира цо. Хьем ца беш, цига кхечира сан хIусамда лаьттинарг а, шен майрчуьнца цуьнан йиша а. Со кIантана тIеяха хьоьвзича, сан куьйгех хIума еттара цара, цул тIаьхьа дIавигира цара кIант, социалан хьукматан белхахой схьабахкаре а ца хьоьжуш", - дуьйцу Екатеринас.

ТIаьхьо хиллачу цIийнден гергарчара кхунна арз дира, иза шайх лийтира, бер дIадига а ца гIоьртира бохуш. Берашна тIехь Iуналла дечу хьукматан белхахой юха а Екатеринина тIехIиттира, берана ненаца хилча гIоле ду аьлла. Делахь а, Ванин дас кхелахошка юх-юха бинчу латкъамашца, бер кхуьнга схьадалар дIадахделира.

Кавказе вадар

2019-чу шеран Гезгамашин-баттахь Москварчу Бабушкинскан кIоштан Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира, кхиазхо лачкъорах йолчу артиклехь. ХIетахь Краснов шен кIантаца Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштарчу Эха-Борзехь вехачу Терхоев Адаман цIа чохь вехаш ву аьлла, дIаязвинера.

"Со яхара Нохчийчу а, хиллачух ма-дарра дийцира ас, полицехь а, меттигерчу социалан белхахошна а цхьана документаш а гайтира. Сан хилла цIийнда лехамашкахь ву элира ас. Соьга ладуьйгIира цара, доллучух кхета а кхийтира уьш. Цул тIаьхьа, тера дара, Красновга цара шайна проблемаш Нохчийчохь оьшуш яц аьлла хила", - дуьйцу Екатеринас.

Нохчийн полицино шега дахкийтинчу кехаташ тIехь Екатеринина гучуделира Краснов ГIалгIайчу дехьаваьллийла. Ткъа билгалдаьккхинчу адресца иза вехаш вац, яздинчу адресца Сунжехь вехаш волчу 56 шо долчу Банашев Бесланна я дех а, я цуьнан кIантах а лаьцна хууш хIума дац аьлла, жоп деара цунна ГIалгIайчуьра. ХIетте а, Красновгара ден бакъонаш схьайохуш кхайкхийна кхелан кхеташо Сунжан кIоштахь дIаяхьа дийцинера.

Ше хиллачу зудчунна дуьхьал оцу сохьта керла иск яьккхира стага. Оцу тIехь юха а дIахьедо цо, шен дена а, нанна а Екатерина тIелатарх а, цуьнца цхьацца лазарш хиларх а, иштта, кхин а цхьа бахьана тIетоьхнера цо: "Москвахь цхьана динан тобанах дIакхетта, цаьрца килсе лелаш ю иза" аьлла. Екатеринас бакъ дац боху иза.

Карарчу беттан 11-чу дийнахь Сунжан-кIоштахь дIаяхьа лерина бу Красновгара ден бакъонаш йохуш кхеташо.

"Хьажал, бер хьуна тIе а ца догIу"

"Правовая инициатива" проектан адвокато Гнездилова Ольгас кхетадо, бераш нанойх довдийна, дукха хьолахь, дай Къилбаседа Кавказе дIаоьхуш меттигаш кеста-кеста нисло бохуш.

"Берашца дай Къилбаседа Кавказан кеп-кепарчу регионашкахь уьдуш лела, масала, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а. Ткъа пурстоьпаша чакхе йоцуш юх-юха вовшашка дIасахьежадо кхелан кехаташ", - латкъам бо юристо.

Цуьнан дешнашца аьлча, шайн регионел а арахьа хIуммаъ а лело пурстоьпийн йиш цахиларца юьсу проблема.

"Тхоьга орца дехначу цхьана зудчун Санкт-Петербургерчу майрчо шен бер цунах дадийна Нохчийчу дIадигинера. Цигахь дайшна тIехIуьтту кхелаш. Тхан адвокаташа Петербургерчу кхело ненехьа узуш бинчу сацамах кехат дIакхачийнера, тIаккха Шеларчу кхело гIуллакх сацийра, - дуьйцу адвокато. - Масех шарахь Шела кхуьйлура дас кIант, суьдхойн сацам кхочушбан Iалашонца. Амма кIант схьаоьцийла ца нислора ненан. Беха некъ бина кIант хIоьттина а, наб оьхуш а хуьлура. Пурстоьпаша олура: "Хьажал хьо, бер хьуна тIе а ца догIу". Масех шерашка дахделира и гIуллакх".

Нохчийчохь бераца дIа а тарвелла, кхелан гIуллакх цига дехьадоккхуш - тахана а лелош хIума ду, цунах гIо а хуьлу царна, билгалдоккху адвокато.
Оцу юкъанна, бераш бошмашка а ца леладо, цхьана а поликлиникехь дIаяздина а ца хуьлу, факташца аьлча, оцу республикехь бехаш ца хуьлу уьш, юкъ-кара бахкар доцург.

"Суна хетарехь, Нохчийчуьрчу бахархошна товр дац, нагахь санна, шайн регион оцу гIуллакхна тIехь гоьялар", аьлла, хета Кавказ.Реалиица къамел динчунна.

Гнездиловас бахарехь, Оьрсийчоьнан юридикан министралло дийца даьккхина керла низам бахьана долуш, бераш ненах довдийна Къилбаседа Кавказе дIадигарехь цхьа йист яла тарло.

Нагахь санна, и документ тIеэцахь, бер дега я нене дIало аьлла, кхелахоша бина сацам кхочуш ца бинчунна дуьхьал зуламан гIуллакх долор ду.

Цкъачунна керла низам болх бан доладелла дац, цундела бер нене дIа ца лучу дена кхачориг - ши эзар сом гIуда бен дац.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG