ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Медиазонан" а, Scanner Project проектан а талламашца, Немцов верна кхин а нах бехке болчух тера ду


Немцов верна бехке хета Дадаев Заур
Немцов верна бехке хета Дадаев Заур

Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис верна бехке хила тарло аьлла хетачу нахах лаьцна шаьш юкъахь бинчу талламах артикл арахецна "Медиазона" ресурсо а, юкъараллан антикоррупцин Scanner Project проекто а. Настоящее Время телеканало яздина цунах лаьцна.

Телефонийн биллингийн буха тIехь а, кеманашца дIасалеларца а, видеокамераша дIаяздинчуьнца а аьтто хилла церан Немцов веран хронологи юха хIоттон.

ТIечIагIдарца, Нохчийчуьра бахархой, тIаьхьо оцу зуламна бехкебина, хенаш токхуш болу нах, нохчийн полисхошца а, лакхарчу даржашкахь болчу нахаца а зIенашкахь хилла масийттазза оцу муьрехь.

Журналистийн хаамашца, доккхачу декъанна уьш дагабуьйлуш хилла Шелковскан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахочуьнца Хатаев Асланбекца. Дийцарехь, "жигара тобанан декъашхо" хилла ву иза.

Талламчаша билгалдаккхарехь, Немцов вуьйчу дийнахь Хатаев Асланбек а, оцу зуламна бехкевина Геремеев Руслан а зIене вуьйлуш хилла Федерацин Кхеташонан декъашхочуьнца Геремеев Сулейманца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостца Пачхьалкхан Думан депутатца Делимханов Адамца а.

Цаьрга телефонаш етташ хилла иштта, церан гIоьнчаша а. ЗIе ца хаьдда церан Немцов вийначул тIаьхьа а, иштта, оцу тобанарчу цхьаболчарна эвакуаци ечу дийнахь а, яздо материалехь.

Немцов Борис верна набахте хьовсийначара а цхьана телефонаш йиттина Кадыровн гIоьнче Геремеев Вахе, ткъа иза ву Геремеев Султанан гергара стаг.

"Медиазонан" а, Scanner Project проектан а талламехь къасторца, лакхахь цIераш яьхначу нахе дина хеттарш а дац, я Нохчийчохь лебинехь а уьш, федералан талламчашна ден долчех цхьа а хаттар дина дац цаьрга.

Зулам вовшахтоьхнарг ву аьлла, шеконаш кхоллаеллачу Геремеев Руслана а, Хатаев Асланбека а Немцов вийначул тIаьхьа оцу сохьта телефон тоьхна хиллера Дагестанера схьаваьллачу Алиев Iелига.

"Нийсо и К" гIишлошъяран компанин куьйгалхочун Исмаилов Асланбекан цIарах хилла Алиевс лелош хилла машен. Ткъа и компани хьалхо Делимханов Адаман ненан долахь лоруш яра аьлла, тIечIагIдина "Медиазонас".

Социалан машанашкахь шех лаьцначу хаамашкахь Алиевс яздинера, 2008-чу шарера 2011-чу шаре кхаччалц Пачхьалкхан Думехь болх бина ву ша аьлла.

Талламчийн зерашца, Москварчу Веерная урамерчу хIусамехь бехаш хиллера Немцов веле хьалха, оцу зуламна бехке мел бинарш. Иштта цаьрца цхьана хилла ву, нохчийн ОМОН-ан командир хилла Тазабаев Шамхан а.
Политик вуьйш дакъалаьцначаьрца цхьана кеманахь дIаваханера Москвара Делимханов Адаман ваша Ахьмад а.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. Иза вен кхайкхийнарш хIинца а карийна бац.

"Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.

"Медиазонас" а, Scanner Project проекто а юкъахь теллинчу материалехь зорбане даьккхина "Север" батальонан хиллачу командиран гIовсан Геремеев Русланан сурт. Немцовн доьзалан адвокаташна хетарехь, 2015-чу шарахь динчу зуламна бехке иза ву.

Талламан комитет кечлуш яра оцу артиклехь цуьнга бехк кховдон, эххар а, иза волу меттиг хууш бац аьлла, гIуллакх тесна дитира.

Политик вен Iалашонца тоба вовшахтоьхначарлахь ву аьлла, бехке хетта, дуьненаюкъарчу лехамашка велла Мухудинов Руслан хаавелла талламчашна социалан машанашкахь.

Геремеев Руслан дIасалелош, болх беш хиллера иза, иштта, Дадаев Заурна а, Немцов верна бехкебечу кхечарна а Москвахь петар лохуш-оьцуш хьаьдда лелла ву иза.

Дуьйцучу зуламна бехке ву аьлла хета кхин цхьаъ, Шаванов Беслан, официалан версица, шегарчу гранатана тIехь иккхинера лоцучу заманчохь.

Немцов Борис вийна пхи шо кхочучу хенахь, 2020-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь,Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира «Даймахкана хьалха хьунарш гайтарна» 2-чу даржан орденан мидал (медаль ордена "За заслуги перед Отечеством" II степени) елира Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонехь сенатор волчу Геремеев Сулиманна – Немцов Борис верца доьзна лаца кхайкхийначу Геремеев Русланан гергарчу стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG