ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсаш: ФСБ-но харц кехаташ кечдина хилла Хангошвили верца доьзна лаьцначу зудчунна


Германино нохчийн тIеман баьчча Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцначу Красиков (Соколов) Вадиман зудчунна харц документаш делла хилла ФСБ-но. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Der Spiegel, Bellingcat, The Insider порталаша бинчу талламна тIе а тевжаш, МБХ ресурсо.

Майра Iоравоккхуш зорбанехь талламаш арабевлла дукха хан ялале, шайн йоцчу цIерашца даьхна кехаташ а долуш, кеманца аннекси йинчу ГIирме баха новкъабевлла хаабелла Красиковн зуда а, церан йоI а.

Даьхначу кехаташ тIехь цхьана шарна хийцина ю шина а пассажиран йина хенаш. Талламан авторша бахарехь, оццу кеманца хилла ФСБ-н цхьа белхахо а. Оцу стеган телефонехула ФСБ-н инарлица маситтазза къамел а дина зудчо.

Таллам бинчу журналисташна хетарехь, зудчунна и тайпа аьттонаш латторо "кхин а цхьа тоьшалла ло Хангошвили верна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоьнан пачхьалкх хилар ".

Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

XS
SM
MD
LG