ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КхоалгIа стаг а лаьцна Ярославлерчу набахтехь тутмакхашна еттарца доьзна


Гайтаман сурт

Ярославлерчу №1 набахтехь нохчочунна Цагалаев Абубакарна етташ дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца лаьцна кхоалгIа стаг – набахтин белхахо Камиронов Игорь.

Талламан версино бахарехь, набахтин кхетош-кхиоран чоьнехь резаьнкин гIаж йиттина Цагалаевна оцу белхахочо. Оцу хьокъехь яздо бакъоларъечу "Общественный вердикт" фондо шен телеграм-каналехь (Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" могIара язйина "Общественный вердикт" – амма цо тIе ца эцна шена и статус).

Цагалаевна еттарна цIахь сацочу кепехь лаьцна ву набахтин кхин а ши белхахо – Семенов Александр а, Коковин Иван а. Кхечара гIожамаш еттачу юкъанна, оцу шимма стоьла тIехь лаьцна латтийна тутмакх, боху талламо.

  • Хьалхо "Новая газето" йовзийтира Ярославлерчу №1 набахтехь шинна етташ яьккхина видео. 2016 шарахь хилларг дара иза. Дийцарехь, йиттина хан ялале лазартнехь велла тутмакхех цхьаъ.
  • 2021 шеран Чиллан-баттахь Талламан комитето лаьцна Ярославлерчу оцу набахтехь куьйгалхо лаьттина Николаев Дмитрий.
XS
SM
MD
LG