ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: шенаш даржашка хIиттабо, критика йинарг дакъазвоккху, оцу юкъанна Пригожин «вохка» кхайкийна Кадыровс


Охан-бутт, 1, оршот

Кавказ ца тов инвесторшна

Къилбаседа Кавказера ялххе а республика нисъелла инвестицешна нислуш болу аьттонаш толлучу Халкъан рейтинган агенталлин тептарахь тIаьххьара.

Эксперташа билгалдоккху Оьрсийчохь инвестицеш лелар кху тIаьххьарчу деа шера чохь лахдала долар, ткъа цуьнан болар лагIлуш дуйла хаалора 2019-чу шарахь дуьйна а, боху цара.

Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь, даима а санна, хьалха бу инвестицешна товш хиларца Краснодар-мохк – 27-гIа меттиг.

Ставропол-мохк лаьтта 57-чу меттехь, Нохчийчоь а, Дагестан а 77-чу а, 78-чу могIарахь.

80-85 меттигашкахь лаьтта ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Тыва, ГIалмакхойчоь, Кхарачой-Чергазийчоь.

  • Хьалхо бинчу хаамца, Къилбаседа Кавказехь ГIалгIайчоь а, Дагестан а бара стохка инвесторшна уггаре товш боцу ши мохк.
  • ГIалгIайчоьнах хилла Къилбаседа Кавказехь дуьххьара регион-банкрот. Бюджетехь хIоьттинчу хьоло Москва декхарейина мохк тидамеэца.

Охан-бутт, 2, шинара

Соьлжа-ГIалин мэр а ву Кадыров Рамзана цIийнера

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин мэран дарже шен дешичин кIентан, 30 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмадан кандидатура кховдийна. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо.

Кадыров Хас-Мохьмадах мукъадолучу дарже хIоттош ву экономикан, территори кхиоран а, йохк-эцаран а министр Iийна Таймасханов Галас, хаам бина Зазкдоккху-беттан 1-чу дийнахь мехкан куьйгалхочун пресс-векалто.

Даржехь хийцина Кадыров Рамзанан шича, Шелан кIоштан куьйгалхо лаьттина Ибрагимов Турпал-Iела а. Иза хIоттийна Таймасхановн хьалхара гIовс.

Таймасхановн шолгIа гIовс хир Соьлжа-ГIалин мэр Iийна Хаджимурадов Iийса.

Мукъадаьлла Шелан кIоштан куьйгалхочун дарж делла Айдамиров Руслане – Соьлжа-ГIаларчу Шайх Мансуран кIоштан префект вара иза.

UFC-латархочо Чимаевс ша спорт юьту аьлла

Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедина, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. И хаам цо баржийна Инстаграмехула.

Ша ММА-хь яьккхинчу йоццачу хенахь Чимаев Хьамзат гIаравелира турнирашкахь цIехьана баккхий толамаш бахарца. Уьссаза леташ уьссазе а туьйлира иза, царех кхо толам баьккхира UFC-юкъараллехь – рекорд хIоттийра 66 дийнахь хенал хьалха кхузза толарца.

Прессехь бинчу хаамаша бахарехь, цо хала лайна коронавирусан цамгар, оцу бахьаница шозза дезна хенаца къастийна хилла летарш юкъахдаха.

  • Хьалхо Американ Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахана, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.

Журналисташна гIелоярца рекордсмен ю Нохчийчоь

Уггаре луьра интернет-цензура лела а, журналисташна гIелоен а меттиг ю Нохчийн республика. Оьрсийчоьнан "цIeчу зонехь" ю, стохкалерчу мониторинган жамIаша бахарехь, Къилбаседа Кавказера кхин а йиъ республика. Оцу хьокъехь дIахьедар дийриг ю бакъоларъяран "Агора" тобан "Машанашкара маршо" проект ша кечйинчу "2000 шеран интернетан маршо: репрессийн шолгIа го" артиклехь. Ерриг а Оьрсийчохь журналисташна а, блогерашна а йина гIело 103-зза, еккъа цхьана Нохчийчоьнна кхочу царех 40.

30-зчул сов нах цензурица доьзна жоьпе ийзорца билгалбевлла мехкаш "цIечу зоне" баьхна"Агорас". Иштачех ю Оьрсийчуьра 58 субъект, шайлахь Краснодар-мохк а, Адыгей а, Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а йолуш. Лурчаха лахаро дара и терахь – 43.

Охан-бутт, 3, кхаара

Навальныйца доьзна долу санкцийн тептар довзийтина Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь зорбане яьхна Навальныйн гIуллакхца доьзна тоьхначу санцийн тептара язйина цIерш, компанеш. Санкцеш кхайкхийна Оьрсийуьрчу набахтийн урхаллин куьйгалхочунна Калашников Александрна, президентан администрацехь чоьхаьрчу политиках жоп лучу урхаллин куьйгалхочунна Ярин Андрейна, инарла прокурорна Краснов Игорна, ФСБ-н директорна Бортников Александрна, тIеман министран гIовсашна Криворучко Алексейна а, Попов Павелна а, президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсанна Кириенко Сергейна дуьхьал, хаамбеш ю Радио Свобода.

Оцу нехан Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIехь, я юрисдикцехь болу бахам дайх хадор бу, Американ а, кхечу пачхьалкхашкарчу а бахархошна доьхкур ду цаьрца гIуллакхаллин юкъарлонаш лело, билгалдоккху Би-би-си медиакорпорацино.

ТАСС агенталло тидам тIебохуьйту санкцеш Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу Центран Iилман-талламан 33-чу институтна а, Iилман 27-чу центрна а, Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан химин а, технологин а Iилман-талламан институтна а тоьхна хилар.

Пригожин вухку ша аьлла Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина шен твиттер-каналехь, шена хаьа Оьрсийчуьра совдегар Пригожин Евгений волу меттиг, аьлла, гайтина ша цуьнца шен Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь даьккхина сурт. Бегаш беш, Американ Штатийн Iедало Пригожинах йолчу информацех дала кхайкхийна 250 эзар доллар дIадехна цо ФБР-е, яздо "Настоящее время" проекто.

Чиллан-беттан 26-чохь Американ Федералан талламийн бюроно Пригожин Евгений лехаме ваьккхина, цо Американ Штаташна дуьхьал бозбуанчаллаш лелорна а, 2014-2016 шерашкахь, америкахойн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа а гIерташ, иза президентан харжамашна тIеIаткъам бан гIиртина хиларна а. Совдегар лаца аьтто беш, информаци еллачунна $250 эзар доллар совгIатна кхайкхийна ФБР-о.

2018 шеран Чиллан-баттахь Американ Штаташкахь ордер елла Пригожин Евгений лаца. Цул тIаьхьа иза ваьккхина Интерполан лехамашка.

Охан-бутт, 4, еара

Нохчийчохь хийцанза дитина блогерна Джикаева Маликина дина таIзар

Хьалхо Къилбаседа ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика наркотикаш лелорна кхаа шарна набахте хьажош бина сацам хийцам боцуш битина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.

Юьхьанцарчу кхело кхайкхинчу тIаIзарца а догIуш, изолятлорера набахте кхачор ю Джикаева. 19 бутт хан ю цунна такха йисинарг, яздо "КП-Ставрополь" газето.

  • Джикаева Малика лецира Соьлжа-ГIалахь 2020 шеран Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь. Талламан версица, наркотикаш карийра цуьнан тоьрмиг чохь, амма Джикаевас уьш шена бухакхийсина бохура. ГIуран-беттан 11-чохь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело 3 шо кхайкхийра цунна набахтехь такха.

Оха-бутт, 5, пIераска

Кадыровна ца тайна Немцов вийначийн шен гонца зIе хилла бахар

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьшпаш, кIадбоцург лору Оьрсийчуьра оппозицин политик Немцов Борис вийначарна а, Пачхьалкхан Думин депутатна Делимханов Адамна а, сенаторна Геремеев Сулиманна а юкъахь телефонан зIе лаьттина аьлла журналисташа-талламчаша арахецна материал. Шен телеграм-каналехь яздо ишта Кадыровс.

"Медиазона" ресурсо а, коррупцина дуьхьалоечу юкъараллин Scanner Project тобано а йовзийтира Номцов вуьйш дакъалаьцна хила тарлучу нахах лаьцна материал.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. Иза вен кхайкхийнарш хIинца а карийна бац.

"Медиазонас" а, Scanner Project проекто а юкъахь бинчу талламан материалехь зорбане даьккхина "Север" батальонан хиллачу командиран гIовсан Геремеев Русланан сурт. Немцовн доьзалан адвокаташна хетарехь, 20I5-чу шарахь динчу зуламна бехке иза ву. Талламан комитет цунна дуьхьал дов айдан кечлуш яра, амма айдира, тIаьххьара дIахьедира, Геремеев волу меттиг хууш яц, аьлла.

Политик вен Iалашонца тоба вовшахтоьхначарлахь ву аьлла, бехке хетта, дуьненаюкъарчу лехамашка велла Мухудинов Руслан хаавелла талламчашна социалан машанашкахь. Геремеев Руслан дIасалелош, болх беш хиллера иза, иштта, Дадаев Заурна а, Немцов верна бехкебечу кхечарна а Москвахь петар лохуш-оьцуш хьаьдда лелла ву иза.

Охан-бутт, 6, шотт

Авcтрехь юкъахдаьккина кхо нохчо махкахваккхар

Кхаа нохчочунна депорт яр юкъахдаьккхина Австрино. Даймахка юхахьажо кечвина вара 20 а, 23 а шераш долу ши ваша а, эпилепсех цомгушволу 40 шо кхаьчна стаг а. Уьш цкъачунна пачхьалкхехь битар официало дузу депортацин набахтехь царех цхьанна коронавирус кхетта хиларца.

  • ТIаьххьарчу муьрехь кест-кеста депортацина дуьхьал митингаш хIиттайо Венехь нохчий махках ца бахийта. ТIаьххьара барам дIабаьхьира бахархоша Венерчу депортацин набахтина хьалха Охан-беттан 3-чохь.

Охан-бутт, 7, кIиранде

Бакъонашларъярхо Саратова Хеда кхелхина

Нохчийчохь шен 55 шо долуш кхелхина республикан куьйгалхочун гонерчу Адамийн бакъонашлаъяран кхеташонан декъашхо Саратова Хеда. Охан-беттан 7-чу дийнахь инстаграмехула регионан информацин, зорбан министра Дудаев Ахьмада бинчу хаамца, Саратова кхелхина "ехха цомгуш Iийначул тIаьхьа".

Кавказ.Реалиин хьостанаша дийцарехь, иза елла коронавирусах кхетта цамгар чолхе яларца.

Официалерчу биографино бахарехь, Саратова Хеда 1995 шарера дуьйна хилла йозуш йоцу журналист. 1999-2002-чу шерашкахь бакъонашларъечу "Мемориал" центрехь къахьегна цо, тIаьхьо куьйгалла дина юкъараллин "Пресс-Центрехь". Саратовас юкъарло латтадора Маршо Радиоца а, "Новая газетаца" а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошца а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG