ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине гIо доьху шен ши бер цӀа дерзо гIертачу Нохчийчуьрчу нанас. И шиъ кхобуш ду девешин хIусамехь


 Сосуркаева Лианин ши бер
Сосуркаева Лианин ши бер

Нохчийчутрчу яхархочо Сосуркаева Лианас дехар дина Iедалшка, 2015-чу шарахь дуьйна кхелхинчу шен хIусамден гергарчаргахь долу шен бераш юхадерзо накъосталла дахьара шена аьлла. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалии зорбан гIирсо.

"Оха дехар до Конституцин гаранте Оьрсийчоьнан президенте В.В Путине а, терго йон органан куьйгалхочуьнга инарлин прокуроре И.В. Красновга а Нохчийн республикехь низамаш лелар кхочуш а дай, сан кхелхинчу хIусамден гергарчара дIадигна, нуьцкъаша шайгахь латтош долу бераш схьадалийтахьара аьлла", - дуьйцуш ду Change.org сайта тIехь араяьллачу Сосуркаваяс язйинчу петицехь.

Карарчу хенахь а дIахьуш кхелаш ю исс шо долчу Ясминина а, бархI шо долчу Рахьманна а верас къастош, хаам бо "Правовая инициатива" проекто (Оьрсийчоьнан Iедалша кхечу пачхьалкхан агент лерина "Правовая инициатива", проект оцу сацамна реза ца хилла).

Сосуркаевца хилларг дагадаийтина бакъонашларъярхоша анимацин видеоролик а яьккхина. Цара дийцарехь, бераш кхерийна деха, царца лелар къоршаме ду, ткъа Лиана къар а ца елла йина психологин экспертизо гайтина, уьш вуно йоккха стресс ловш нанна сагатдеш хилар.

2010-чу шарахь Сосуркаевас Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина ма хиллара, иза марехь хилла Ахмадов Сайд-Эмехь. Иза ехаш хилла Ставрополехь, хIусамдас эцначу петарехь. 2014-чу шарахь цуьнан майра велла, ткъа хIусамден вашас Ахмадов Сайд-Салахьа йохкийтина цуьнга и хIусам. Петарах делла ахча дIадахьна оцу стага, ша Соьлж-ГIалахь тIера да велла бисинчу доьзална цIа дийр ду аьлла. ЦIа баккъалла а дина, амма кестта Лианина хиъна иза шен хиллачу майрчуьнан гергарчу зудчун цIарте дIаяздина хиларх лаьцна.

Кхин а 8 бутт баьлча АхмадогIара, хьошалгIа дуьга аьлла, Итум-Кхаьлла дигна ши бер. Лиани аьтто ца баьлла ГIаларчу хIусамна чуяха – догIанаш хийцина хилла, ткъа Сайд-Салахьа телефонехула аьлла цуьнга, Ясмина а, Рахьман а ша волчехь Iийр ду аьлла.

Берийн ден гергарчара бехке йо Сосуркаева "эладита" даржорна. "Сосуркаевас чIагIдо сан вашас Ахмадовс шена пайда хиларе сатуьйсуш шегара кIант а, йоI а даьккхина бохуш. И хаамаш бакъ долчуьнца богIуш бац, сан вежарий сийсаз беш бу уьш", - дIахьедар дира Ахмадова Iайшата 2020-чу шарахь.

Цу юкъанна, "Правовая инициатива" проекто хаам барехь, Сосуркаева - ша цхьаъ ю берийн верас. Цо дуккхазза а дехарш дина Нохчийчохь полице а, Талламан комитете а, прокуратуре а, кIоштан верасалле а, амма Iедалхоша тергал ца до бераш нуьцкъаша девешин доьзалехь латтош хилар, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG