ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламанхойн эмиграци Европехь. Иза муха кхоллаелла?


Кътлбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой
Кътлбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой

Оьрсийчоьнан импери йоьхча, большевикаша Къилбаседа Кавказ караэцча, кхоллаелла Европерчу пачхьалкхашкахь къилбаседа-кавказхойн, я кхечу цIарца аьлча, ламанхойн эмиграци. Регионера схьабевлла бIеннаш нах дIакхелхина Франце. Францерчу ламанхойх олийла дац уьш массо а бара аристократаш. Хилла царалахь хьоладай, амма дукхахберш бара политикаш, империн эскаршкахь гIуллакх дина бIаьхой – генарчу Франце уьш кхаьчна дийна бисархьама, амма массара а сатийсина йозуш йоцчу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республике юхакхача.

Оьрсийчоьнан эмиграцица дуьстича, дукха а ца хилла уьш, амма массара а санна йитина даймахкахь – Къилбаседа Кавказехь – йовза хьакъдолу бIаьрла лар.

1921-чу шарахь кхиайоьлла Парижехь ламанхойн эмиграци, кхузахь баха севцца гоьбевлла нах, политикаш: Дагестанера – Суьйлийн Ахьмадхан, Далгат Iабдул-Iазиз, Баммат Гайдар; ГIалгIайчуьра – Джабагиев Васан-Гири, цуьнан ваша Джабагиев Мохьмад, Куриев Муртуз; Нохчийчуьра – Чермоев Тапа (Iабдул-Межед), Бадуев Iабдул-Межед, Чермоев Абубакар; ХIирийчуьра – полковник Бичерахов Лазарь, Тхостов Ахьмад, Газданов Гайто; ГIебартара – Шаков ИсмаьIал, Джанхотов Руслан, инарла Бекович-Черкасский Темирболат, дуккха а кхиберш.

Кхолламо совгIат кховдоре хьоьжуш, мукъа ца Iийна зударий-ламанхой а, жигара боьлла дахарна юкъа. Цхьаболу мехкарий кхетта шайн хазалла моделийн бизнесехь пайде юйла, оцу тIегIанехь дакъалацарал совнаха, модельераш а хилла. Иштта долийна шайн эмиграцера дахар, масала, Хагундокова Лайлаа а, цхьаболчу Кавказерчу кхечу зударша а. Генна дIасалела доьллачу кеманийн стюардессаш хилла, Бадуева Селима санна, я кабарехь, театрашкахь эшарш лекхна, тIаьхьо Францин Дуьхьалонан декъашхо хилла Чермоева Джанета санна.

Чермоева Эпси, Чермоев Абдул-Муслиман зуда. Париж. 1922 шо
Чермоева Эпси, Чермоев Абдул-Муслиман зуда. Париж. 1922 шо

Оцу могIарахь шатайпа бу хьахийначу чергазичуьн Хагундокова Лайлаан (Ирен де Луар), инарлин Хагундоков Константинан йоьIан некъ. Юьхьанца моданийн Шанель хIусамехь болх бина цо, ткъа 1936-чу шарахь Испанехь Чоьхьара тIом иккхича а, цул тIаьхьа Дуьненан ШолгIа тIом боьдуш а лаьттина иза Францин Арахьарчу бахархойн легионехь лорйиша.

Хагундокова Эльмисхан (Лейла), Ирен де Луар, Лараме легионан орденан командор, Францин Арахьарчу легионан "лараме нана"
Хагундокова Эльмисхан (Лейла), Ирен де Луар, Лараме легионан орденан командор, Францин Арахьарчу легионан "лараме нана"

ТIаьхьо цо кхоьллина лоьрийн тобанаш, дIасалела лазартнеш, эпсар яьлла ша тIеэцначу пачхьалкхехь. Францехь уггаре дукха титулаш йолу зуда ю иза – Ларамечу легионан командор, пачхьалкхан массо а лакхарчу тIеман орденийн да. Амма уггаре дезаниг ду цунна шен легионераша "лараме нана" цIе елла хилар. Шина шарахь цкъа Оьрсийчуьрчу нехан ларалучу Сент-Женевьев-де-Буа кешнашка, иза еллачу Дечкен-беттан 21-чу дийнахь, гулло иза дагалаца легионан векалш, ткъа Парижерчу Инвалидийн майданарчу Сент-Луи килсехь доIанаш до цуьнан хьомара.

Эла Бекович -Чекасский Темирболат а, цуьнан зуда Капланова Надживат а
Эла Бекович -Чекасский Темирболат а, цуьнан зуда Капланова Надживат а

Ламанхойн Францерчу эмиграцин башхалла даймахка юхакхача сатийсар хилла а ца Iа, уьш тешаш баьхна шаьш хан ялале цIабаха безаш хиларх – цундела ца оьшуш лерина кхузахь бахамаш гулбан а, бух буьллуш, еххачу ханна дIатарбала а.

Чермоев Эмилхана Нью-Йоркера яздина шен йишига Баммат-Чермоева Зайнапе: "Хьоме йиша, дита и вайн да-нанас Малхбузе дIакхелхаш ткъа шо хьалха гулйина чамданаш Iалашъяр. Деладенна цаьрга а хьоьжуш, ма тийса са, уьш а эцна, вайн даймахка дIадахаре. Со кхин ца теша, ахь уьш яста еза, гучуьра дIаяха еза. Барт байта вайшинга кхузахь даха, кхузахь сан йишин бераш кхиийта, царна шаьш Францин бахархой буйла хаийта. Церан дуьхьа охьабилла беза вайшимма ваьшшиннан гира дIаяьллачу селханенан мохь".

Чермоева Зайнап Абдул-Муслимовна (марехь - Баммат)
Чермоева Зайнап Абдул-Муслимовна (марехь - Баммат)

Амма суна сайна яйна и чамданаш кху вайн деношкахь а, бераша Iалашйина уьш. Баммат Тимур ву Тулузехь Эйрбас завод йиллар шена пайде дуйла Франци тешийнарг, цуьнан ваша Нажмуддин ву Iеламча, бусалбанашлахь гоьвалла интеллектуал.

Ламанхой Европе дIабахарх а, церан цигахь дIатарбала баьллачу аьттонех а лаьцна Вачагаев Майрбека къамелдира Кавказан эмиграцех долчу документийн дуккха а гуларш зорбанеяьхна волчу историн докторца Мамулиа Георгийца.

Вачагаев Майрбек : Георгий, Къилбаседа Кавказерчу наха даймахкара бовдуш, шайна баха меттиг Франци стенна къастийна хьахаде вайшимма юьхьанца?

Мамулиа Георгий: Коьрта бахьана ду оцу заманахь Париж дуьненан дипломатин центр хилла хилар. Дагалаца деза, Дуьненан Хьалхара тIом бирзича, машаран конференци Парижехь хIоьттина. 1919-чу шеран Дечкен-баттахь йолаелла 1920-чу шеран Дечкен-батте кхаччалц лаьттина иза. Цигахь къасталуш хилла кхидIаболу дуьненан некъаш, цигахь билгалбохуш хилла Оьрсийчоьнан имперехь даьхначу къаьмнийн кхоллам, РомановгIеран империн декъахь хиллачу, аьлча а, овкъарлаш йсинчу территорийн кхоллам, шайлахь Къилбаседа Кавказан Респулика а йолуш.

Кхузахь тергоне эца деза, дуьххьара Париже вевзаш волу юкъархо, нохчо Iабдул-Межед, я нохчаша цунах ма-аллара аьлча, Чермоев Тапа коьртехь а волуш, дипломатин делегаци яр.

1919-чу шеран Оханан-баттахь кхаьчна делегаци Париже, цхьа хан юкъайоьлча цунах дIакхетта вевзаш волу кхин политик - Ламанхойн Республикан арахьарчу гIуллакхийн министр Баммат Гайдар. Иза кхечу некъашца кхаьчна. Чермоевн делегаци Константинополехула яхана Париже, ткъа Баммат – ша шуьйрра дипломатин болх баржийна хьийзачу Швецарера вахана цига. 1919-чу шеран Марсхьокху-бутт тIехкаччалц, инарла Деникинан лаамхойх вовшахкхеттачу кIайчу эскарша Къилбаседа Кавказан Республика дIалоцучу хене кхаччалц Iийна Парижехь Баммат Гайдар. Тифлисе юхавахана иза, цигахь хилла Къилбаседа Кавказан тIеман кхеташонан Гуьржийчуьрчу Iедалера векал – векалт лаьттина Дагестанерчу Леваши юьртахь. Баммат цуьнан куьйгаллехь Iийна Деникинна духьалоеш, оцу духьалоно талам баккхалц.

Амма 1923-чу шарахь Константинополь Кемаль коьртехь волчу туркойн карайирзина, ткъа уьш Советан пачхьалкхехьа хиларе терра, ламанхойн политикийн сихха дIабаха дезна цигара – ас билгалдоккху, дIабаха дезнарш политикаш бу.

Вачагаев Майрбек: Ши куьг лаьцна баьхкина хилла уьш Париже, дукхахберш ца кхиина шайн бахамера мехала хIуманаш шайца дIаяхьа. Оьрсийн эмигранташа, масала, баккхийчара, еккъа цхьа самовараш, иконаш хьош хилла карахь – цунах хIинца а боьлу церан эмиграцехь тIекхиина доьзалш. Оьрсийчохь шаьш битина бахамаш хьехо къаной-эмигранташ боьлча, олуш хилла церан бераша: "уггаре коьртаниг, иконаш а, самовараш а Iалашйина кхара – иза бу вайн уггаре боккха бахам!"

Францехь ламанхошна ца кхаьчна ур-атталла Iаббалц баа кхача а, карош болу болх ца хилла таксист бен а. ХIинцца бен юкъайовлуш а йоцу машенаш шаьш цIахь йитинчу шайн говрех а таръеш, царех «аьчка дой» олуш, бина цара и болх. Парижан дуьххьарчу таксистех ву Эльдаров Ахьмадхан. Машенаш йовза боьллачара бина болх уьш ечохь я тоечохь. Цхьаболучех хилла, масала, Куриев Муртузах я Бадуев Iабдул-Межедах а санна, киномеханикаш. (1-ра дакъа, ларъе материал кхидIа)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG