ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши полисхо лаьцна БуьритIехь нахе ахчанаш дехарна


БуьритIера изолятор
БуьритIера изолятор

Талламан комитетан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхалло бехк тIебаьхьина полицерчу наркоташца къийсам латточу декъан шина белхахочунна. Урхаллин пресс-векалто бечу хаамца, вуьйцург ву 40 шо долу полковник а, 37 шо кхаьчна волу майор а.

Талламчаша бахарехь, бехктакхам байбийриг ахча доьхуш хилла цара БуьритIерачу яхархочуьнгара.

Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, дIадахначу шеран ГIуран-баттахь меттигерчу яхархочун цIийнах хьовсуш, карийна хилла "Лирика" молхан 24 буьртиг. И препарат чохь кхабарна айбеш бац бехктакхам. Юкъалелачу стагехула петарахь ехачу зудчуьнгара 500 эзар сом дехна полисхоша цунна бехктакхам малбийриг. Iедалхоша лелориг низамехь доцийла а хууш, меттигерчу ФСБ урхалле арздина зудчо.

Дукха хан ялале лаьцна ши полисхо. Юкъахь бина барт а болуш, боккхачу барамехь кхаъ бехарна 12 шаре кхаччалц набахти къасто тарло хIинца даржашкахь а боцчу полицин эпсаршна.

XS
SM
MD
LG