ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьхна хан яккха колони дIахьажийна блогер Джикаева Малика


Къилбаседа ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика юкъарчу рожан хьелашкахь хан яккхийта колоне хьажийна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Билггал Малика йигина меттиг йийца бакъо яц шен аьлла, дIахьедина Джикаеван адвокато Бедоева Инарас. Амма, цо билгалдьаккхина, кхелан сацамна латкъамбан шаьш дагахь хиларх.

"Нохчийчуьра кхел цхьа формале хIума дара, юьхьанца дуьйна тхуна гуш дара иза. Оцу инстанцехула чекхдовла дезаш дара тхо. РогIера инстанци - Пятигорскера юкъарчу юрисдикцин кассацин кхел ю. Маликин гIуллакхца дуккха а бух боцу тоьшаллаш ду, низам дохийна меттигаш бу. ХIетте а кхело церан терго ца еш, шайн сацам бина", - аьлла адвокато.

Маликин нанас Кудзиева Анжелас социалан машанашкахь дагахьабллам бисина шена аьлла, "Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ша ца хазарна".
Цунна хетарехь, Кадыров Рамзана тесна дитина цуьнан гIуллакх, ДжикаевгIар кхечу къомах хиларна.


"ЙоьIан дахар бен-башха доцучу зуламхоша хIаллакдина Маликин дахар. Гонах иштта харцо йолуш, погонаш йолчу гIемаша шайна луучунна наркотикаш туьйсуш, луург чувуллуш, шайна хеттарг кхуллуш харцонаш лелош хилча, ма хала ду лан", - аьлла, дIахьедина Кудзиевс.

Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелахь Маликин адвоката билгалдаьккхина, хьалхо Маликас Кадыров Рамзанан цIарах официале кехат дахьийтина хиларх, шена гечдар доьхуш.

"Шена тIаьххьара дош делча а аьллера цо, ша дина доцчу зуламах жоп ма дехахьара шега, шен дахар а, кхоллам а каг ма бахьара аьлла. Суьдхочо сацам бовзийтича йилхира иза. Парадокс муха ю хьуна аьлча, тарло цуьнан гIуллакх юха таллийта, ткъа оцу тIе далахь, Малика юха а Соьлжа-ГIаларчу СИЗО юхаялон деза. Ткъа луур дуй-те цунна цига юхаян?", - боху Бедоевас.

Стохка Зазадокху-беттан 9-чохь лецира Джикаева Малика Соьлжа-ГIалахь. ХIетахь дуьйна Нохчийчуьрчу СИЗО-хь латтош яра иза. Цуьнан тIоьрмиг чохь наркотикаш карийна бохуш, чIагIдо полисхоша. Блогеро бакъ ца до иза, наркотикаш шена кхийсина ю боху цйо.

ГIуран-беттан 11-чохь Соьлжа-ГIаларчу кхело колонехь даккха кхо шо хан кхайкхийра цунна.

Кхел йинчул тIаьхьа дийца даьккхира, Маликин йиша Джикаева Карина яларх. Цул тIаьхьа йоьIан нанас Кудзиева Анжелас дехар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, гIо доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG