ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламанхойн Республика: политикан эмиграци (чаккхе)


Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан куьйгалхой

(КхоалгIа дакъа. Хьалхарниг : "Ламанхойн эмиграци Европехь. Иза муха кхоллаелла?" ШолгIа дакъа. Ламанхой Республика: политикан эмиграци.)

Вачагаев Майрбек: Ткъа хIун башхаллаш яра тIаккха? Шемил Саид-бейс а, Байтугана а кхечаьрца цхьаьна гIортор хIунда ца йира Баммат Гайдарна. ХIун дара цара къуьйсург?

Мамулиа Георгий: Дара-дацарш кхузахь цIена тактикан чулацам болуш дара, хIунда аьлча Iалашо церан цхьаъ яра – Кавказан конфедерацина юкъахь йозуш йоцу Ламанхойн республика - и Iалашо цара лечкъош яцара, иза кхочуш еш уьш реза бара вовшашна. Проблема кхин яра. "Кавказ" тобанна ахчанца гIо деш яра Япони, ткъа, цхьана йоццачу хенахь, тIаьхьо немцоша а дира гIо. Шемил Саид-бейн тоба Варшавица юкъаметтигаш латтош яра. Цунна ахча луш яра Польша, Кавказера эмигрантийн доккхаха долу дакъа шайн Iуналлехь латтор Iалашонца.

Вачагаев Майрбек: ШолгIа Дуьненан тIом болабаллц арадолуш дара "Кавказ", Баммат вуно жигаралла гойтуш вара, амма цул тIахьа Баммат а, кхиберш а цIеххьана дIатийна хилар го вайна.

Мамулиа Георгий: Иза масийтта бахьанца доьзна дара. Уггар хьалха, сиха хийцалуш яра оцу хенахь нисйелла йолу дуьненаюкъара конъюнктура. Вайна ма-хаъара, 1939-чу шарахь Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь болабелира ШолгIа Дуьненан тIом, Польшин территори дIалецира вермахто а, ЦIен Армино а. Прометейн болам вовшатоьхнарг а, цунна гIо дийриг а йолчу Польшина оккупаци йира Германино а, Советан пачхьалкхо а. Цул тIаьхьа хала мур болабелира Кавказерчу эмиграцин исторехь, къаьсттина 1940-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь дуьйна 1941-чу шарахь Мангалан-батте кхаччалц, хIунда аьлча Францина тIехь толам баьккхинера, Англи ша йолччу гIайри тIехь дIахадийна яра, ткъа эмигранташ формалан кепара Германин Iедална кIеллахь бара.

Кхерам бара уьш Советан пачхьалкхе дIабаларан, хIунда аьлча Советан пачхьалкхана а, Германина а юкъахь бина барт бара, политикан дуьхьалончаш, оцу пачхьалкхашкахь йолчу системийн оппоненташ, вовшашна дIабалар хьокъехь. 1941-чу шарахь «Барбаросса» операци йолаеллачул тIахьа къилбаседакавказхойх цхьа дакъа, гуьржий а, азарбайджанхой а, эрмалой а санна юкъаметтигаш дIакхехьа буьйлабелира КхоалгIачу рейхца.

Чермоева Эпси, Чермоев Абдул-Муслиман зуда. Париж. 1922 шо
Чермоева Эпси, Чермоев Абдул-Муслиман зуда. Париж. 1922 шо

Амма церан юкъаметтиг дӀакхехьар дара дукха йоццучу хенахь а, дукха билламе а. ХIун чулацам бара цуьнан? Дера бара Шемил Саид-бей а, Баммат Гайдар а жима-тIама вовшашца эмгаралла лелош хилар. Делахь а, Германин Iедалшца юкъаметтигаш лелорца доьзнарг цхьаьнадогIуш дара цаьршина.

Баммат Гайдар а, Шемил а вара 1942 шо долалуш Германино Кавказера пачхьалкхаш, шайна юкъахь Къилбаседа Кавказ а йолуш, йозуш йоцуш хилар къобалдан деза бохуш кхайкхамаш беш. 1942-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь Германин Советан пачхьалкхехь векал хиллачу граф фон дер Шуленбурга Кавказерчу эмигрантийн кхеташо гулйира "Адлон" цIе йолчу Берлинерчу дезачу хьеша цIийнехь. Цигахь хьен ца велира я Баммат а, Шемил Саид-бей а. И шиъ кхеттера Германино Къилбаседа Кавказ йозуш йоцу пачхьалкх хилар лорур цахиларх. И шиъ юхавелира КхоалгIачу рейхца политикан юкъаметтигаш лелорах.

Эла Бекович -Чекасский Темирболат а, цуьнан зуда Капланова Надживат а
Эла Бекович -Чекасский Темирболат а, цуьнан зуда Капланова Надживат а

Ткъа Германица юкъаметтигаш лелийначу Кавказерчу эмигрантех лаьцна аьлча, уьш шайга далург дерриг а дан гIертара, хIиттинчу кIеззиг аьттонаш болчу хьелашкахь. Цкъа делахь, уьш кIелхьара баха гIертара немцоша йийсаре лецна болу вуно вочу хьелашекахь бохку къилбаседакавказхой. ШолгIа делахь, уьш пайда эца гIертара хIоьттинчу хьолах (и хьелаш даима дIоггара дика ца хиллехь а) Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна иза пайдехьа дерзор Iалашонца. Ткъа кхузахь, шеко а йоцуш, гуш ду иза, цхьа а коллаборационизм цахилар – иза буьззиначу барамехь Iовдалалла ю. И нах бара шайн къаьмнаш а, Ламанхойн Республика а маьрша хилийта шайн дахар дIадала арабелла лелаш болу нах, иштта эр дара ас.

Цера бертахой бара дера дуккха а: полякаш, французаш, немцой, цул тIаьхьа америкахой, амма Iалашо цхьаъ яра церан – шайн пачхьалкх йозуш йоцуш хилийтар. Цундела эр дара ас иза тайп-тайпана хьелашкахь кхуьуш болу, амма къам маьрша даккхаран Iалашо юьхьарлаьцна болам бара аьлла.

Вачагаев Майрбек : ШолгIачу Дуьненан тIамо чаккхе еара ламанхойн эмигрантийн шайн махка цIаберза болчу сатийсамашна. Дукхаха болчара йитира политика. Берш аьлча санна эмигранташ кхелхира СССР йохале, ткъа дийна бисначийн аьтто ца хилира цIа баха.

***

Къилбаседа Кавказера ламанхой дIабоьхкина бу Бобиньи олучу меттигерчу кешнашкахь а, Парижана гергарчу Сент-Женевьев-де-Буа олучу оьрсийн кешнашкахь а, Ниццерачу оьрсийн Кокад кешнашкахь а, Францерчу дуккха а кIошташкарчу кешнашкахь а. Амма эмиграцин историн цхьа башхалла ю – иза чакхе йоцуш хилар…

Къилбаседа Кавказерчу бусалба нехан кешнаш, Бобиньи (Франци)
Къилбаседа Кавказерчу бусалба нехан кешнаш, Бобиньи (Франци)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG