ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барто санкцеш тухур ю Висмурадов Абу-Зайдна а, Катаев Аюбна а


Висмурадов Абу-Зайд (юккъераниг) Голланде UFC-н къовсадаларшка хьажа веъначу хенахь, Дугазаев Тимуран инстаграмера сурт

Кхаарин дийнахь, Зазадоккху-беттан 17-чохь, Европан Барто сакцийн тептара язбан къастийна Нохчийчохь адамашна репрессеш ярна республикан куьйгаллерчу ши стаг.

Европехь ахча лелор а, виза эцар а доьхкуш, ЕвроБарто адамийн бакъонаш ларъярца доьзна 2020-чу шеран ГIура-баттахь тIеэцначу керлачу низаман буха тIехь санкцеш тухур ю Нохчийчоьнан вице-премьерна, ницкъхойн «Терек» декъан буьйранчина Висмурадов Абузайдна а, Устрада-ГIаларчу полицин буьйранчин гIовс Iийначу Катаев Аюбна а дуьхьал.

Европан Бертарчу хьостанашкара яьржинчу информацица, и ши стаг бехкево Нохчийчохь гей-юкъараллерчу а, мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал хиларна изза цIе тIекхоьллинчу а наханна гIелонаш ярна.

Висмурадов а, Катаев а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а санна, дуьххьара а доцуш, рогIехь хIоттош ву санкцешна кIел – Американ Штаташа кхайкхийра царна и таIзар хьалхо.

Адамийн бакъонаш хьешар тергалдечу Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу а жигархоша Нохчийчохь гей-нах бу бохуш бахархой лоьцуш, хIаллакбеш хиларх орцанаш даха долийра 2017 шо долалуш а, 2018 шо доьрзуш а, 2019 шеран юьххьехь а.

Хьалхо Европан Берто санкцеш кхайкхийра Оьрсийчуьрчу веа даржхочунна, цара оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш луш а, иза лаьцна, набахте хьажош а дакъалацарна.

Тахана санкцеш кхайкхийна, Нохчийчуьра ши даржахо воцуш, кхин а 9 стагана а, 4 юридикан хьукматна а –Китайра, Эритреяра, Либера, Къилбаседа Корейра, Къилба Суданера бу и нах а, хьукматаш а. Санкцеш юкъайохур ю кху беттан 22-чохь Европан Бертан арахьарчу министрийн кхеташонехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG